Сурат 46 Аль-ахькъаф, аят 11 – 20
-
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا لَوْ كَانَ خَيْرًا مَا سَبَقُونَا إِلَيْهِ ۚ وَإِذْ لَمْ يَهْتَدُوا بِهِ فَسَيَقُولُونَ هَٰذَا إِفْكٌ قَدِيمٌ
Цатешначара элира ийман диллнчарех: '/Иза‚ ислам дин/ дика хиллехьара, тхол хьалха цунна тӀе кхиар ма бацара уьш'. Шаьш цуьнца (Къуръанца) нийсачу новкъа нис ца белча‚ цара эр ду: 'ХӀара хьалхалера харцдерг ду'
46:11 -
وَمِنْ قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَىٰ إِمَامًا وَرَحْمَةً ۚ وَهَٰذَا كِتَابٌ مُصَدِّقٌ لِسَانًا عَرَبِيًّا لِيُنْذِرَ الَّذِينَ ظَلَمُوا وَبُشْرَىٰ لِلْمُحْسِنِينَ
Цул хьалха Мусан жайна /доссийра Оха/ баьчча а‚ къинхетам а хилла. ХӀара жайна /ду/, бакъдеш /шел хьалха хилларш/‚ Ӏаьрбийн маттахь а долуш, кхерам таса зулам диначарна‚ кхаъ хилла дикачарна
46:12 -
إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Баккъалла а, шаьш аьлларш: 'Вай Кхиош-кхобург Дела ву'‚ тӀаккха /Делан новкъахь/ чӀагӀбелларш кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан запах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь шайл бухадуьсчух/
46:13 -
أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Уьш ялсаманин дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш бекхам бу /иза/ цара еш хиллачу Ӏамална /дуьхьал/
46:14 -
وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ إِحْسَانًا ۖ حَمَلَتْهُ أُمُّهُ كُرْهًا وَوَضَعَتْهُ كُرْهًا ۖ وَحَمْلُهُ وَفِصَالُهُ ثَلَاثُونَ شَهْرًا ۚ حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَبَلَغَ أَرْبَعِينَ سَنَةً قَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَصْلِحْ لِي فِي ذُرِّيَّتِي ۖ إِنِّي تُبْتُ إِلَيْكَ وَإِنِّي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша гметтахьттича, шовзткъа шере ваьлча, цо элира: 'Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниӀматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Ӏамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан гллакхаш – нсбелахь уьш а нисчу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьтхьболчарах (бусалбанех) ву-кх'
46:15 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ نَتَقَبَّلُ عَنْهُمْ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَنَتَجَاوَزُ عَنْ سَيِّئَاتِهِمْ فِي أَصْحَابِ الْجَنَّةِ ۖ وَعْدَ الصِّدْقِ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ
Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Ӏамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваӀда ю иза царна йина хилла йолу
46:16 -
وَالَّذِي قَالَ لِوَالِدَيْهِ أُفٍّ لَكُمَا أَتَعِدَانِنِي أَنْ أُخْرَجَ وَقَدْ خَلَتِ الْقُرُونُ مِنْ قَبْلِي وَهُمَا يَسْتَغِيثَانِ اللَّهَ وَيْلَكَ آمِنْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَيَقُولُ مَا هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
/Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене а: 'Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваӀда йо суна со /веллачул тӀаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тӀаьхьенаш дӀа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо гӀо доьхуш Деле: 'Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваӀда бакъ ю'. Цо олу: 'ХӀорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара'
46:17 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ
Уьш бу шайна тӀехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош бакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш
46:18 -
وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِمَّا عَمِلُوا ۖ وَلِيُوَفِّيَهُمْ أَعْمَالَهُمْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХӀоранна ша йинчу Ӏамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Ӏамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац
46:19 -
وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَذْهَبْتُمْ طَيِّبَاتِكُمْ فِي حَيَاتِكُمُ الدُّنْيَا وَاسْتَمْتَعْتُمْ بِهَا فَالْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنْتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنْتُمْ تَفْسُقُونَ
Оцу /къемат/дийнахь цатешнарш хьалхатоттур бу жоьжахатина‚ /цаьрга эр ду маликаша/: 'ДӀадахийтина аш шайн диканаш (ниаташ) шайн дуьненан дахарехь‚ цуьнца /дуьненца/ зовкх а хьегна аш. Тахана шуна бекхам бо сийсазаллин Ӏазапаца аш куралла ярна лаьттахь, цхьа а бакъо йоцуш‚ шу песакъ хиларна'
46:20
Гочдар: Магомед Магомедов