Сурат 46 Аль-ахькъаф, аят 21 – 23
-
وَاذْكُرْ أَخَا عَادٍ إِذْ أَنْذَرَ قَوْمَهُ بِالْأَحْقَافِ وَقَدْ خَلَتِ النُّذُرُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
Хьахаве Iадийн ваша‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тIаьхьа а хилира: 'Аш Iибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Iазапах'‚ аьлла
46:21 -
قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَأْفِكَنَا عَنْ آلِهَتِنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь'
46:22 -
قَالَ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَأُبَلِّغُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
Цо элира: 'Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам'
46:23
Гочдар: Магомед Магомедов