Сурат 46 Аль-ахькъаф, аят 21 – 26

  1. وَاذْكُرْ أَخَا عَادٍ إِذْ أَنْذَرَ قَوْمَهُ بِالْأَحْقَافِ وَقَدْ خَلَتِ النُّذُرُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Хьахаве Ӏадийн ваша‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тӀаьхьа а хилира: 'Аш Ӏибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Ӏазапах'‚ аьлла

    46:21
  2. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَأْفِكَنَا عَنْ آلِهَتِنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхо дӀахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь'

    46:22
  3. قَالَ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَأُبَلِّغُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ

    Цо элира: 'Баккъалла а, Ӏилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дӀакхачадо со шеца ваийтинарг /и Ӏазап хӀун ду/‚ хӀетте а суна шу хета жехӀал къам'

    46:23
  4. فَلَمَّا رَأَوْهُ عَارِضًا مُسْتَقْبِلَ أَوْدِيَتِهِمْ قَالُوا هَٰذَا عَارِضٌ مُمْطِرُنَا ۚ بَلْ هُوَ مَا اسْتَعْجَلْتُمْ بِهِ ۖ رِيحٌ فِيهَا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Шайна гича иза марха шайн тогӀина тӀе йогӀуш‚ цара элира: 'ХӀара марха вайна догӀа дахьаш ю-кх'. 'ХӀан-хӀа! Иза аш ша сихдинарг (Ӏазап) ду мох бу шена чохь лазош долу Ӏазап долу'‚ /элира кхечара/

    46:24
  5. تُدَمِّرُ كُلَّ شَيْءٍ بِأَمْرِ رَبِّهَا فَأَصْبَحُوا لَا يُرَىٰ إِلَّا مَسَاكِنُهُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ

    'Цо дохор ду массо а хӀума шен Делан омраца'‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Ӏуьйранга бевлира церан гӀишлош бен гуш хӀума а доцуш (Дала хӀаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана

    46:25
  6. وَلَقَدْ مَكَّنَّاهُمْ فِيمَا إِنْ مَكَّنَّاكُمْ فِيهِ وَجَعَلْنَا لَهُمْ سَمْعًا وَأَبْصَارًا وَأَفْئِدَةً فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ سَمْعُهُمْ وَلَا أَبْصَارُهُمْ وَلَا أَفْئِدَتُهُمْ مِنْ شَيْءٍ إِذْ كَانُوا يَجْحَدُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Оха чӀагӀбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чӀагӀ цабинчуьнца‚ Оха хилийтира царна хазар а‚ гар а‚ дегнаш а. Царах кӀелхьар ца даьккхира церан хазаро а‚ церан гаро а‚ церан дегнаша а хӀумма а‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш‚ царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг

    46:26

Гочдар: Магомед Магомедов