Сурат 46 Аль-ахькъаф, аят 27 – 35

  1. وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا مَا حَوْلَكُمْ مِنَ الْقُرَىٰ وَصَرَّفْنَا الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха хӀаллакйира шун гонахьара ярташ‚ далийра делилш‚ уьш юхабоьрзур бацара-те

    46:27
  2. فَلَوْلَا نَصَرَهُمُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ قُرْبَانًا آلِهَةً ۖ بَلْ ضَلُّوا عَنْهُمْ ۚ وَذَٰلِكَ إِفْكُهُمْ وَمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    ГӀо ма ца дира царна, Дела а витина, Цунна гергахилийта шаьш лаьцна хиллачу дēлаша. ХӀаъ‚ уьш дӀатилира царах‚ Иза церан харцдерг а дара‚ цара харц кхуллуш хилларг а дара

    46:28
  3. وَإِذْ صَرَفْنَا إِلَيْكَ نَفَرًا مِنَ الْجِنِّ يَسْتَمِعُونَ الْقُرْآنَ فَلَمَّا حَضَرُوهُ قَالُوا أَنْصِتُوا ۖ فَلَمَّا قُضِيَ وَلَّوْا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ مُنْذِرِينَ

    Оха хьавзира хьо волчу жинийх цхьа тоба‚ цара Къуръане ладугӀу. Шаьш цигахь долуш цара /вовшашка/ элира: 'Совца /ладогӀа Къуръане/'. И дешна даьлча, уьш дӀадахара шен къомана тӀе, кхерам тосуш

    46:29
  4. قَالُوا يَا قَوْمَنَا إِنَّا سَمِعْنَا كِتَابًا أُنْزِلَ مِنْ بَعْدِ مُوسَىٰ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ وَإِلَىٰ طَرِيقٍ مُسْتَقِيمٍ

    Цара элира: 'ХӀай тхан къам! Тхуна хезира цхьа жайна‚ Мусал тӀаьхьа доссийна долу шел хьалха хиллачуьнца (Тавратаца а‚ Инжилаца а) нийса догӀуш долу‚ ша нисвеш долу бакъдолчунна тӀе а‚ нийсачу новкъа а

    46:30
  5. يَا قَوْمَنَا أَجِيبُوا دَاعِيَ اللَّهِ وَآمِنُوا بِهِ يَغْفِرْ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُجِرْكُمْ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ

    ХӀай тхан къам! Жоп ло Делера кхойкхуш волчунна‚ теша цунах‚ Цо гечдийр ду шун къинош‚ шу кӀелхьардохур ду лазош долчу Ӏазапах'

    46:31
  6. وَمَنْ لَا يُجِبْ دَاعِيَ اللَّهِ فَلَيْسَ بِمُعْجِزٍ فِي الْأَرْضِ وَلَيْسَ لَهُ مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءُ ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Делера кхойкхуш волчунна жоп ца луш верг ницкъ кхочур бац цунна лаьттахь /Делан Ӏазапах къелхьаравала/‚ Иза воцучо Ӏалашбийр бац уьш. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!

    46:32
  7. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَلَمْ يَعْيَ بِخَلْقِهِنَّ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَىٰ ۚ بَلَىٰ إِنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Царна ца го-техьа Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кӀад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? ХӀаъ‚ баккъалла а, Иза массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш верг ву-кх

    46:33
  8. وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَلَيْسَ هَٰذَا بِالْحَقِّ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَرَبِّنَا ۚ قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Оцу дийнахь хьалхатоттур бу цатешнарш /жоьжахатин/ цӀарна /цаьрга хоттур ду/: 'Бакъ дац хӀара?' /олуш/. Цара эр: 'ХӀаъ‚ тхан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу оха): бакъ ду'. Цо (Дāла) элира: 'Ӏовша шайна Ӏазап шаьш ца тешаш хиларна'

    46:34
  9. فَاصْبِرْ كَمَا صَبَرَ أُولُو الْعَزْمِ مِنَ الرُّسُلِ وَلَا تَسْتَعْجِلْ لَهُمْ ۚ كَأَنَّهُمْ يَوْمَ يَرَوْنَ مَا يُوعَدُونَ لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا سَاعَةً مِنْ نَهَارٍ ۚ بَلَاغٌ ۚ فَهَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الْفَاسِقُونَ

    Собар де‚ элчанех шайгахь чӀагӀо хиллачара собар дарх терра‚ сих ма де царна /Ӏазап доссар/. Уьш тера бу‚ шайна ваӀда йинарг шайна гучу дийнахь‚ дийнан цхьана сахьтехь бен /дуьненахь/ ца лаьттинчарах. /ХӀара Къуръан нахе/ дӀакхачор ду /хьуна тӀехь/. Песакъ къам бен хӀаллакдеш ду-й? /Дац –те!/

    46:35

Гочдар: Магомед Магомедов