Сурат 47 Мухьаммад, аят 1 – 11
-
الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ أَضَلَّ أَعْمَالَهُمْ
Шаьш цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ дтилийнарш а Цо дӀатилина церан Ӏамалш (цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартахь церан Ӏамалаш хьесапе оьцур яц)
47:1 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَآمَنُوا بِمَا نُزِّلَ عَلَىٰ مُحَمَّدٍ وَهُوَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۙ كَفَّرَ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَأَصْلَحَ بَالَهُمْ
Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а иза церан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду Цо дӀаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гӀуллакх
47:2 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا اتَّبَعُوا الْبَاطِلَ وَأَنَّ الَّذِينَ آمَنُوا اتَّبَعُوا الْحَقَّ مِنْ رَبِّهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ لِلنَّاسِ أَمْثَالَهُمْ
Иза ду цатешнарш тӀаьхьахӀуьттуш хиларна харцдолчунна‚ ийман диллинарш тӀаьхьахӀуьттуш хиларна шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчунна. Иштта дāладо Дала нахана шайн масалш
47:3 -
فَإِذَا لَقِيتُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا فَضَرْبَ الرِّقَابِ حَتَّىٰ إِذَا أَثْخَنْتُمُوهُمْ فَشُدُّوا الْوَثَاقَ فَإِمَّا مَنًّا بَعْدُ وَإِمَّا فِدَاءً حَتَّىٰ تَضَعَ الْحَرْبُ أَوْزَارَهَا ۚ ذَٰلِكَ وَلَوْ يَشَاءُ اللَّهُ لَانْتَصَرَ مِنْهُمْ وَلَٰكِنْ لِيَبْلُوَ بَعْضَكُمْ بِبَعْضٍ ۗ وَالَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَلَنْ يُضِلَّ أَعْمَالَهُمْ
Шаьш дуьхьалкхетча цатешначаьрца логех тоха аш уьш гӀелбаллалц‚ чӀагӀъе буржолаш тӀаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур тӀамо шен мохь охьабиллалц. Иза - Далла лаахьара, Цо толам лур бара царна тӀехь‚ делахь а, шун цхьаберш вукхарца зерхьама /бойту Дала тӀемаш/. Делан новкъахь байинарш Цо янне а дӀатилор яц церан Ӏамалш
47:4 -
سَيَهْدِيهِمْ وَيُصْلِحُ بَالَهُمْ
Цо тӀаьхьа нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гӀуллакх
47:5 -
وَيُدْخِلُهُمُ الْجَنَّةَ عَرَّفَهَا لَهُمْ
Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу (хӀоранна шена ялсаманехь хир йолу хӀусам хууш)
47:6 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ
ХӀай ийман диллинарш! Аш Далла гӀо дахь (Цуьнан дин чгеш)‚- Цо шуна а гӀо дийр ду‚ шун ког а чӀагӀбийр бу
47:7 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا فَتَعْسًا لَهُمْ وَأَضَلَّ أَعْمَالَهُمْ
Цатешнарш хӀаллакхилар ду царна‚ Цо дӀатилина церан Ӏамалш
47:8 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَرِهُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَالَهُمْ
Иза ду царна ца дийзина дела Дала охьадоссийнарг (Къуръан) Цо дӀаяйа церан Ӏамалш
47:9 -
أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ دَمَّرَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ۖ وَلِلْكَافِرِينَ أَمْثَالُهَا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу‚ муха хилла царал хьалхахиллачеран тӀаьхье? Дала бохийра уьш. /ХӀокху/ керстанашна а цунах тераниг хир ду
47:10 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ مَوْلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَأَنَّ الْكَافِرِينَ لَا مَوْلَىٰ لَهُمْ
Иза - Дела ийман диллинчеран гӀоьнча волу дела ду‚ ткъа керстанаш церан цхьа а гӀоьнча вац
47:11
Гочдар: Магомед Магомедов