Сурат 47 Мухьаммад, аят 12 – 19
-
إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا يَتَمَتَّعُونَ وَيَأْكُلُونَ كَمَا تَأْكُلُ الْأَنْعَامُ وَالنَّارُ مَثْوًى لَهُمْ
Баккъалла а, Дала бухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Ткъа цатешнарш /кӀеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма доу /тӀаккха жоьжахатин/ цӀе ю царна чохьӀайла
47:12 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ هِيَ أَشَدُّ قُوَّةً مِنْ قَرْيَتِكَ الَّتِي أَخْرَجَتْكَ أَهْلَكْنَاهُمْ فَلَا نَاصِرَ لَهُمْ
Маса юрт‚ шаьш хьо шена чуьра араваьккхина хьан юьртал (Маккал) нуьцкъалō йолуш йолу‚ хӀаллакйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гӀоьнча!
47:13 -
أَفَمَنْ كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّهِ كَمَنْ زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ
Ша Кхиош-кхобучуьнгара билгалона тӀехь верг тера ву ткъа шен Ӏамалан вониг шена хазйиначух‚ шайн дезаршна тӀаьхьахӀиттинчарах?
47:14 -
مَثَلُ الْجَنَّةِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۖ فِيهَا أَنْهَارٌ مِنْ مَاءٍ غَيْرِ آسِنٍ وَأَنْهَارٌ مِنْ لَبَنٍ لَمْ يَتَغَيَّرْ طَعْمُهُ وَأَنْهَارٌ مِنْ خَمْرٍ لَذَّةٍ لِلشَّارِبِينَ وَأَنْهَارٌ مِنْ عَسَلٍ مُصَفًّى ۖ وَلَهُمْ فِيهَا مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ وَمَغْفِرَةٌ مِنْ رَبِّهِمْ ۖ كَمَنْ هُوَ خَالِدٌ فِي النَّارِ وَسُقُوا مَاءً حَمِيمًا فَقَطَّعَ أَمْعَاءَهُمْ
/Делах/ кхоьручарна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучарна чӀогӀа чōмехь долчу чагӀаран татолаш ду‚ цӀенчу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо а стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ду. Уьш (ялсаманин дай) тера буй гуттар цӀергахь болчарах (жоьжахатин дайх), шайна кхахкина хи малош болчу, тӀаккха цо церан чуьйраш туьйдуш болчу?
47:15 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ حَتَّىٰ إِذَا خَرَجُوا مِنْ عِنْدِكَ قَالُوا لِلَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ مَاذَا قَالَ آنِفًا ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ
Царах хьоьга ладоьгӀурш бу, шаьш хьо волчуьра āра ма бевллинехь, цара олура шайгахь Ӏилма долчаьрга: 'ХӀун элира цо (Мухьаммада) хӀинца хьалха?' Уьш бу Дала шайн дегнашна тӀе мухӀар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тӀаьхьабевларш
47:16 -
وَالَّذِينَ اهْتَدَوْا زَادَهُمْ هُدًى وَآتَاهُمْ تَقْوَاهُمْ
Шаьш нисбелларш а Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар
47:17 -
فَهَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَنْ تَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً ۖ فَقَدْ جَاءَ أَشْرَاطُهَا ۚ فَأَنَّىٰ لَهُمْ إِذَا جَاءَتْهُمْ ذِكْرَاهُمْ
Уьш хьовсур буй сахьте, иза шайна дāрах (ткхачарах) цӀеххьана? Цуьнан /цхьацца/ шартӀаш ма деана. Мичара хир бу царна, иза шайна деъча, вовшашна хьехам? (Цо гӀо дийр дац царна тӀаккха)
47:18 -
فَاعْلَمْ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ وَاسْتَغْفِرْ لِذَنْبِكَ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مُتَقَلَّبَكُمْ وَمَثْوَاكُمْ
Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахӀ (цхьа Дела) бен‚ гечдар дēха хьан ледарлонашна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а. Дела хууш ву шун дӀасаийдар /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буса/
47:19
Гочдар: Магомед Магомедов