Сурат 47 Мухьаммад, аят 20 – 28
-
وَيَقُولُ الَّذِينَ آمَنُوا لَوْلَا نُزِّلَتْ سُورَةٌ ۖ فَإِذَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ مُحْكَمَةٌ وَذُكِرَ فِيهَا الْقِتَالُ ۙ رَأَيْتَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ يَنْظُرُونَ إِلَيْكَ نَظَرَ الْمَغْشِيِّ عَلَيْهِ مِنَ الْمَوْتِ ۖ فَأَوْلَىٰ لَهُمْ
Ийман диллинчара олу: 'Сурат доьссинехьара'. Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тӀом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш, шена вала хорша еанарг санна. Царна вунō таме дара
47:20 -
طَاعَةٌ وَقَوْلٌ مَعْرُوفٌ ۚ فَإِذَا عَزَمَ الْأَمْرُ فَلَوْ صَدَقُوا اللَّهَ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ
МуьтӀахь хилар а‚ хаза дош а (там бара цаьргара хьуна хила). ГӀуллакх сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча дика дара-кх царна
47:21 -
فَهَلْ عَسَيْتُمْ إِنْ تَوَلَّيْتُمْ أَنْ تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ وَتُقَطِّعُوا أَرْحَامَكُمْ
Шу хила мега, шаьш /ийманах/ дӀадирзича, боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш хēдош?
47:22 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللَّهُ فَأَصَمَّهُمْ وَأَعْمَىٰ أَبْصَارَهُمْ
Уьш Дала шайна неӀалт аьлларш бу‚ тӀаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бӀаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/
47:23 -
أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ أَمْ عَلَىٰ قُلُوبٍ أَقْفَالُهَا
Къуръанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь дōгӀанаш ду?
47:24 -
إِنَّ الَّذِينَ ارْتَدُّوا عَلَىٰ أَدْبَارِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْهُدَى ۙ الشَّيْطَانُ سَوَّلَ لَهُمْ وَأَمْلَىٰ لَهُمْ
Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна (керстаналлина) тӀе юхабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тӀаьхьа шайтӀано хаздина царна /шайн боьха гӀуллакхаш/‚ цо даг чу кхуьссуш ду царна /Делан некъах дтилар/
47:25 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لِلَّذِينَ كَرِهُوا مَا نَزَّلَ اللَّهُ سَنُطِيعُكُمْ فِي بَعْضِ الْأَمْرِ ۖ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِسْرَارَهُمْ
Иза ду цара аларна Дала доссош дерг (Къуръāн) ца дезаш хиллачаьрга: 'Тхо муьтӀахь хир ду шуна цхьадолчу гӀуллакхашкахь'. Далла хууш ма ю церан къайленаш
47:26 -
فَكَيْفَ إِذَا تَوَفَّتْهُمُ الْمَلَائِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ
Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дӀакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?
47:27 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ اتَّبَعُوا مَا أَسْخَطَ اللَّهَ وَكَرِهُوا رِضْوَانَهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَالَهُمْ
Иза ду уьш Дела оьгӀазвоккхучунна тӀаьхьахӀиттарна‚ Иза реза хилар шайна цадезарна тӀаккха Цо дӀаяйа церан Ӏамалш
47:28
Гочдар: Магомед Магомедов