Сурат 47 Мухьаммад, аят 36 – 38
-
إِنَّمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۚ وَإِنْ تُؤْمِنُوا وَتَتَّقُوا يُؤْتِكُمْ أُجُورَكُمْ وَلَا يَسْأَلْكُمْ أَمْوَالَكُمْ
Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду. Аш ийман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхни а /деккъа закат даккхар бен/
47:36 -
إِنْ يَسْأَلْكُمُوهَا فَيُحْفِكُمْ تَبْخَلُوا وَيُخْرِجْ أَضْغَانَكُمْ
Цо шуьга /дерриг даьхни/ доьхуш делхьара‚ шуна тӀевирзина и доьхуш‚ шу бӀаьрмециг хир дара. Цо гучудоккхур дара /шун дегнашкахь долу Делан новкъахь харжаш яр/ цадезар (баьрмецигалла)
47:37 -
هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ تُدْعَوْنَ لِتُنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَمِنْكُمْ مَنْ يَبْخَلُ ۖ وَمَنْ يَبْخَلْ فَإِنَّمَا يَبْخَلُ عَنْ نَفْسِهِ ۚ وَاللَّهُ الْغَنِيُّ وَأَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ ۚ وَإِنْ تَتَوَلَّوْا يَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُونُوا أَمْثَالَكُمْ
ХӀай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян шух бӀаьрмециг (пис) верг шена бӀаьрмециг (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу юхадовлахь /ийманах/, Цо хийцор ду шу кхечу къомаца‚ тӀаккха уьш хир бац шух тера
47:38
Гочдар: Магомед Магомедов