Сурат 47 Мухьаммад

  1. طَاعَةٌ وَقَوْلٌ مَعْرُوفٌ ۚ فَإِذَا عَزَمَ الْأَمْرُ فَلَوْ صَدَقُوا اللَّهَ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ

    МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а (там бара цаьргара хьуна хила). ГIуллакх сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча дика дара-кх царна

    47:21
  2. فَهَلْ عَسَيْتُمْ إِنْ تَوَلَّيْتُمْ أَنْ تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ وَتُقَطِّعُوا أَرْحَامَكُمْ

    Шу хила мега, шаьш /ийманах/ дIадирзича, боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш хēдош?

    47:22
  3. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللَّهُ فَأَصَمَّهُمْ وَأَعْمَىٰ أَبْصَارَهُمْ

    Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/

    47:23
  4. أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ أَمْ عَلَىٰ قُلُوبٍ أَقْفَالُهَا

    Къуръанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь дōгIанаш ду?

    47:24
  5. إِنَّ الَّذِينَ ارْتَدُّوا عَلَىٰ أَدْبَارِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْهُدَى ۙ الشَّيْطَانُ سَوَّلَ لَهُمْ وَأَمْلَىٰ لَهُمْ

    Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна (керстаналлина) тIе юхабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо даг чу кхуьссуш ду царна /Делан некъах дтилар/

    47:25
  6. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لِلَّذِينَ كَرِهُوا مَا نَزَّلَ اللَّهُ سَنُطِيعُكُمْ فِي بَعْضِ الْأَمْرِ ۖ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِسْرَارَهُمْ

    Иза ду цара аларна Дала доссош дерг (Къуръāн) ца дезаш хиллачаьрга: 'Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь'. Далла хууш ма ю церан къайленаш

    47:26
  7. فَكَيْفَ إِذَا تَوَفَّتْهُمُ الْمَلَائِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ

    Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?

    47:27
  8. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ اتَّبَعُوا مَا أَسْخَطَ اللَّهَ وَكَرِهُوا رِضْوَانَهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَالَهُمْ

    Иза ду уьш Дела оьгIазвоккхучунна тIаьхьахIиттарна‚ Иза реза хилар шайна цадезарна тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш

    47:28
  9. أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ أَنْ لَنْ يُخْرِجَ اللَّهُ أَضْغَانَهُمْ

    Шайн дегнашкахь цамгар йолчарна моьттина-те Дала цкъа а шайн мостагIалла гучуйоккхур яц?

    47:29
  10. وَلَوْ نَشَاءُ لَأَرَيْنَاكَهُمْ فَلَعَرَفْتَهُمْ بِسِيمَاهُمْ ۚ وَلَتَعْرِفَنَّهُمْ فِي لَحْنِ الْقَوْلِ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ أَعْمَالَكُمْ

    Тхуна лиъча, Оха гайтина хир бара уьш хьуна тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан аьзнашца. Дела хууш ву-кх шун Iамалш

    47:30
  11. وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ حَتَّىٰ نَعْلَمَ الْمُجَاهِدِينَ مِنْكُمْ وَالصَّابِرِينَ وَنَبْلُوَ أَخْبَارَكُمْ

    Оха зенне а зуьйр ду шу Тхуна шух /Делан новкъахь тмца/ къахьоьгурш а‚ собар дийраш а бовзалц‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а

    47:31
  12. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَشَاقُّوا الرَّسُولَ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْهُدَىٰ لَنْ يَضُرُّوا اللَّهَ شَيْئًا وَسَيُحْبِطُ أَعْمَالَهُمْ

    Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ дтилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а цара хIумма зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш

    47:32
  13. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَلَا تُبْطِلُوا أَعْمَالَكُمْ

    ХIай ийман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчанна муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа

    47:33
  14. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ مَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ فَلَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ

    Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белларш Дала цкъа а гечдийр дац царна

    47:34
  15. فَلَا تَهِنُوا وَتَدْعُوا إِلَى السَّلْمِ وَأَنْتُمُ الْأَعْلَوْنَ وَاللَّهُ مَعَكُمْ وَلَنْ يَتِرَكُمْ أَعْمَالَكُمْ

    Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцкъала/ долуш. Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш

    47:35
  16. إِنَّمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ ۚ وَإِنْ تُؤْمِنُوا وَتَتَّقُوا يُؤْتِكُمْ أُجُورَكُمْ وَلَا يَسْأَلْكُمْ أَمْوَالَكُمْ

    Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду. Аш ийман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхни а /деккъа закат даккхар бен/

    47:36
  17. إِنْ يَسْأَلْكُمُوهَا فَيُحْفِكُمْ تَبْخَلُوا وَيُخْرِجْ أَضْغَانَكُمْ

    Цо шуьга /дерриг даьхни/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмециг хир дара. Цо гучудоккхур дара /шун дегнашкахь долу Делан новкъахь харжаш яр/ цадезар (баьрмецигалла)

    47:37
  18. هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ تُدْعَوْنَ لِتُنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَمِنْكُمْ مَنْ يَبْخَلُ ۖ وَمَنْ يَبْخَلْ فَإِنَّمَا يَبْخَلُ عَنْ نَفْسِهِ ۚ وَاللَّهُ الْغَنِيُّ وَأَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ ۚ وَإِنْ تَتَوَلَّوْا يَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُونُوا أَمْثَالَكُمْ

    ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян шух бIаьрмециг (пис) верг шена бIаьрмециг (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу юхадовлахь /ийманах/, Цо хийцор ду шу кхечу къомаца‚ тIаккха уьш хир бац шух тера

    47:38

Гочдар: Магомед Магомедов