Сурат 48 Аль-фатхь (Толам), аят 1 – 10
-
إِنَّا فَتَحْنَا لَكَ فَتْحًا مُبِينًا
Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам
48:1 -
لِيَغْفِرَ لَكَ اللَّهُ مَا تَقَدَّمَ مِنْ ذَنْبِكَ وَمَا تَأَخَّرَ وَيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَيَهْدِيَكَ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا
Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхайахана ледарлонашна‚ тӀаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниӀмат хьуна тӀехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚
48:2 -
وَيَنْصُرَكَ اللَّهُ نَصْرًا عَزِيزًا
Цо хьуна деза гӀо дархьама а
48:3 -
هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ السَّكِينَةَ فِي قُلُوبِ الْمُؤْمِنِينَ لِيَزْدَادُوا إِيمَانًا مَعَ إِيمَانِهِمْ ۗ وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Иза ву муъмин нехан дегнашка синпаргӀато йоссийнарг уьш совбалийтархьама шайн иймана тӀе а ийманца. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукам /нийса/ деш верг а
48:4 -
لِيُدْخِلَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَيُكَفِّرَ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عِنْدَ اللَّهِ فَوْزًا عَظِيمًا
/И хьукам до Дала/ Ша чубахийтан муъмин божарий а‚ муъмин зударий а /церан Далла деш долу бадат а, Делан новкъахь шайн синошца а, шайн бахамца а къахьегар бахьанехь/ шайн бухахула хиш а оьхуш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ дэцан церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам
48:5 -
وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ الظَّانِّينَ بِاللَّهِ ظَنَّ السَّوْءِ ۚ عَلَيْهِمْ دَائِرَةُ السَّوْءِ ۖ وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَلَعَنَهُمْ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَهَنَّمَ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا
Ӏазап дан шаьш Делах боьха ойланаш еш болчу (хьуна керстаний тӀехь толам хир бац‚ бохуш) мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъостий луьйцачу божаршна а‚ Делаца накъостий луьйцачу зударшна а. Царна боьхачун го бу. ОьгӀазвахана царна Дела‚ неӀалт аьлла царна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дӀадоьрзийла
48:6 -
وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
48:7 -
إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо /хй Мухьаммад/ теш хилла /къематдийнахь нахана тхь/‚ къаанча хилла /муъмин нахана ялсаманица/‚ кхерамча хилла /цатешачарна запаца/
48:8 -
لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُعَزِّرُوهُ وَتُوَقِّرُوهُ وَتُسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ аш цунна (элчанна) гӀо дан а‚ аш иза ларан а‚ аш Цунна (Далла) тасбахь дан Ӏуьйранца а‚ суьйренца а
48:9 -
إِنَّ الَّذِينَ يُبَايِعُونَكَ إِنَّمَا يُبَايِعُونَ اللَّهَ يَدُ اللَّهِ فَوْقَ أَيْدِيهِمْ ۚ فَمَنْ نَكَثَ فَإِنَّمَا يَنْكُثُ عَلَىٰ نَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَوْفَىٰ بِمَا عَاهَدَ عَلَيْهُ اللَّهَ فَسَيُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
Баккъалла а, шаьш хьоьца дуй боуш чӀагӀо йинарш Делаца дуй боуш чӀагӀо йинарш бу. Делан куьг церан куьйгий тӀехь ду. И /чг/ йохийнарг Цо йохош ю шена‚ кхочуш йинарг Делаца шен хилла ваӀда Цо цунна лур ю сийлахь-йоккха ял
48:10
Гочдар: Магомед Магомедов