Сурат 48 Аль-фатхь (Толам), аят 11 – 17

  1. سَيَقُولُ لَكَ الْمُخَلَّفُونَ مِنَ الْأَعْرَابِ شَغَلَتْنَا أَمْوَالُنَا وَأَهْلُونَا فَاسْتَغْفِرْ لَنَا ۚ يَقُولُونَ بِأَلْسِنَتِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۚ قُلْ فَمَنْ يَمْلِكُ لَكُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ بِكُمْ ضَرًّا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ نَفْعًا ۚ بَلْ كَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا

    Хьоьга эр ду кхелхаш лелачу Ӏаьрбех бухабисинчара: 'Тхо совцина тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна'. Цара олу маттаца дагахь доцург. Ахь āла: 'Хьан доладийр дара шуна Далла дуьхьал цхьанна а хӀуманца‚ Цуна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХӀаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш

    48:11
  2. بَلْ ظَنَنْتُمْ أَنْ لَنْ يَنْقَلِبَ الرَّسُولُ وَالْمُؤْمِنُونَ إِلَىٰ أَهْلِيهِمْ أَبَدًا وَزُيِّنَ ذَٰلِكَ فِي قُلُوبِكُمْ وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا

    ХӀаъ! Шу моьттуш дара элча а‚ муъмин нах а шайн доьзална тӀе цкъа а боьрзур бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттура вон хӀума. Вон къам хили-кх шу'

    48:12
  3. وَمَنْ لَمْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ فَإِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَعِيرًا

    Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг баккъалла а, Оха кечйина керстанашна жоьжахати

    48:13
  4. وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Ӏазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а

    48:14
  5. سَيَقُولُ الْمُخَلَّفُونَ إِذَا انْطَلَقْتُمْ إِلَىٰ مَغَانِمَ لِتَأْخُذُوهَا ذَرُونَا نَتَّبِعْكُمْ ۖ يُرِيدُونَ أَنْ يُبَدِّلُوا كَلَامَ اللَّهِ ۚ قُلْ لَنْ تَتَّبِعُونَا كَذَٰلِكُمْ قَالَ اللَّهُ مِنْ قَبْلُ ۖ فَسَيَقُولُونَ بَلْ تَحْسُدُونَنَا ۚ بَلْ كَانُوا لَا يَفْقَهُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Эр ду бухабуьсучара шу хӀонсана тӀе доьрзучу хенахь и эца: 'Тхо а диташ шайна тӀаьхьахтта'. Уьш лууш бу шаьш хийцадан Делан дош. Ахь āла: 'Цкъа а тхуна тӀаьхьахӀуьттур дац шу. Ишта аьлла Дала хьалха'. ТӀаккха цара эр ду: 'ХӀаъ‚ тхуна хьагӀ еш ду-кх шу'. ХӀаъ‚ уьш хилира ца кхеташ кӀеззиг /хманах/ бен

    48:15
  6. قُلْ لِلْمُخَلَّفِينَ مِنَ الْأَعْرَابِ سَتُدْعَوْنَ إِلَىٰ قَوْمٍ أُولِي بَأْسٍ شَدِيدٍ تُقَاتِلُونَهُمْ أَوْ يُسْلِمُونَ ۖ فَإِنْ تُطِيعُوا يُؤْتِكُمُ اللَّهُ أَجْرًا حَسَنًا ۖ وَإِنْ تَتَوَلَّوْا كَمَا تَوَلَّيْتُمْ مِنْ قَبْلُ يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цу кхелхаш лелачу Ӏаьрбех бухабуьсучаьрга ахь āла: 'ТӀаьхьа шу кхойкхур ду чӀогӀа ницкъ болчу къоме (цуьнца тӀом бан)‚ царца аш тӀом бийр бу‚ я уьш /шайн лаамехь Далла/ муьтхь хир бу. Шу муьтӀахь хилахь /Делан омрана/, Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дӀадерзахь шаьш хьалха дӀа ма дирзи‚ Цо лазош долчу Ӏазапаца Ӏазап дийр ду шуна'

    48:16
  7. لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَىٰ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ ۗ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَمَنْ يَتَوَلَّ يُعَذِّبْهُ عَذَابًا أَلِيمًا

    БӀаьрса доцучунна къа дац‚ астагӀа волчунна а къа дац‚ цомгуш волчунна а къа дац /гӀазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь верг Цо вохуьйтур ву иза бошмашка‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ дӀавирзинарг /Делан динах/ Цо Ӏазап дийр ду цунна лазош долчу Ӏазапаца

    48:17

Гочдар: Магомед Магомедов