Сурат 48 Аль-фатхь (Толам), аят 18 – 26

  1. لَقَدْ رَضِيَ اللَّهُ عَنِ الْمُؤْمِنِينَ إِذْ يُبَايِعُونَكَ تَحْتَ الشَّجَرَةِ فَعَلِمَ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَنْزَلَ السَّكِينَةَ عَلَيْهِمْ وَأَثَابَهُمْ فَتْحًا قَرِيبًا

    Реза хили Дела муъмин нахана, цара шаьш хьуна тешаме хир ду‚ аьлла дош луш дитта кӀел‚ Цунна хиира церан дегнашкахь дерг. ТӀаккха Цо йоссийра синпархато царна‚ Цо совгӀат делира царна герга хир болчу толамца а,

    48:18
  2. وَمَغَانِمَ كَثِيرَةً يَأْخُذُونَهَا ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Дуккха хӀонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    48:19
  3. وَعَدَكُمُ اللَّهُ مَغَانِمَ كَثِيرَةً تَأْخُذُونَهَا فَعَجَّلَ لَكُمْ هَٰذِهِ وَكَفَّ أَيْدِيَ النَّاسِ عَنْكُمْ وَلِتَكُونَ آيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ وَيَهْدِيَكُمْ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا

    Дала ваӀда йира шуна дуккха хӀонсаш аш уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хӀара /хӀонс/‚ айдира нехан куьйгаш шуна тӀера‚ муъмин нахана билгало хилийтан /царна гӀо хилан/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа

    48:20
  4. وَأُخْرَىٰ لَمْ تَقْدِرُوا عَلَيْهَا قَدْ أَحَاطَ اللَّهُ بِهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا

    Кхин /хӀонсаш а хир ю шун/ шуна шена тӀехь ницкъ кхочур боцу, Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш

    48:21
  5. وَلَوْ قَاتَلَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوَلَّوُا الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Шуьца тӀом бича цатешначара цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юха бовлур бу) тӀаккха царна карор вац доладийриг а‚ гӀоьнча а

    48:22
  6. سُنَّةَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا

    Делан Ӏадат ду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Ӏадатна хийцам

    48:23
  7. وَهُوَ الَّذِي كَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنْكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ عَنْهُمْ بِبَطْنِ مَكَّةَ مِنْ بَعْدِ أَنْ أَظْفَرَكُمْ عَلَيْهِمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا

    Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тӀера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ царна тӀера Маккан БатӀнехь Цо шуна царна тӀехь толам беллачул тӀаьхьа. Хилира Дела аш дийриг гуш

    48:24
  8. هُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَالْهَدْيَ مَعْكُوفًا أَنْ يَبْلُغَ مَحِلَّهُ ۚ وَلَوْلَا رِجَالٌ مُؤْمِنُونَ وَنِسَاءٌ مُؤْمِنَاتٌ لَمْ تَعْلَمُوهُمْ أَنْ تَطَئُوهُمْ فَتُصِيبَكُمْ مِنْهُمْ مَعَرَّةٌ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۖ لِيُدْخِلَ اللَّهُ فِي رَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ لَوْ تَزَيَّلُوا لَعَذَّبْنَا الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Дезачу маьждигах‚ гӀурбанна дойу бежна кхаьбира сацийна шен меттиге дӀакхачарах. Муъмин божарий а, муъмин зударий а ца хиллехьара /Маккан охӀлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тӀом бан/. ХӀинца аш царна зулам дийр дара‚ /тӀаккха/ цаьргара къа хьерчара дара шух, ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетам чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусалбанаш/ къаьсташ хиллехьара, Оха Ӏазап дина хир дара царах (Маккан охӀлах) цатешначарна лазош долу Ӏазапца

    48:25
  9. إِذْ جَعَلَ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْحَمِيَّةَ حَمِيَّةَ الْجَاهِلِيَّةِ فَأَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَلْزَمَهُمْ كَلِمَةَ التَّقْوَىٰ وَكَانُوا أَحَقَّ بِهَا وَأَهْلَهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Цатешначара хилийтира шайн дегнашкахь нуьцкъала оьгӀазло‚ жехӀал заманан оьгӀазло тӀаккха Дала Шен синпархато йоссийра Шен элчанна тӀе а‚ муъмин нахана тӀе а‚ /сийдарца/ хаьржира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цунна (Делан къинхетамна) вуно хьакъ цуьнан (Маккин) охӀлал. Дела хили массо а хӀума хууш верг

    48:26

Гочдар: Магомед Магомедов