Сурат 48 Аль-фатхь (Толам), аят 27 – 29
-
لَقَدْ صَدَقَ اللَّهُ رَسُولَهُ الرُّؤْيَا بِالْحَقِّ ۖ لَتَدْخُلُنَّ الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ إِنْ شَاءَ اللَّهُ آمِنِينَ مُحَلِّقِينَ رُءُوسَكُمْ وَمُقَصِّرِينَ لَا تَخَافُونَ ۖ فَعَلِمَ مَا لَمْ تَعْلَمُوا فَجَعَلَ مِنْ دُونِ ذَٰلِكَ فَتْحًا قَرِيبًا
Бакъдира Дала Шен элчанна гӀан бакъдолчуьнца: шу данне а гӀур ма ду Дезачу Маьждига чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош дешна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ лацдина‚ шу кхоьрур дац. Цунна хиира шуна цахуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а
48:27 -
هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا
Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а иза толийта массо а динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар
48:28 -
مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللَّهِ ۚ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّاءُ عَلَى الْكُفَّارِ رُحَمَاءُ بَيْنَهُمْ ۖ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا ۖ سِيمَاهُمْ فِي وُجُوهِهِمْ مِنْ أَثَرِ السُّجُودِ ۚ ذَٰلِكَ مَثَلُهُمْ فِي التَّوْرَاةِ ۚ وَمَثَلُهُمْ فِي الْإِنْجِيلِ كَزَرْعٍ أَخْرَجَ شَطْأَهُ فَآزَرَهُ فَاسْتَغْلَظَ فَاسْتَوَىٰ عَلَىٰ سُوقِهِ يُعْجِبُ الزُّرَّاعَ لِيَغِيظَ بِهِمُ الْكُفَّارَ ۗ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا
Мухьаммад Делан элча ву‚ цуьнца берш чӀогӀа бу керстанашна тӀехь‚ къинхетаме бу вовший юккъехь. Хьуна го уьш горауьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Ӏибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гӀо до‚ тӀаккха иза чӀагӀло‚ нисло шен гӀода тӀехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгӀазбахийта. Дала ваӀда йина Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Ӏамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла
48:29
Гочдар: Магомед Магомедов