Сурат 49 Аль-хьуджурāт (ЦӀийнан чоьнаш), аят 1 – 8

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيِ اللَّهِ وَرَسُولِهِ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Хьалха ма гӀерта Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    49:1
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَرْفَعُوا أَصْوَاتَكُمْ فَوْقَ صَوْتِ النَّبِيِّ وَلَا تَجْهَرُوا لَهُ بِالْقَوْلِ كَجَهْرِ بَعْضِكُمْ لِبَعْضٍ أَنْ تَحْبَطَ أَعْمَالُكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تَشْعُرُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран аьзнал сов‚ чӀогӀа а ма āла цуьнга дош, шун цхьаболчара вовшашка чӀогӀа āларх тера шун Ӏамалш ца яйа, шуна хаа ца луш

    49:2
  3. إِنَّ الَّذِينَ يَغُضُّونَ أَصْوَاتَهُمْ عِنْدَ رَسُولِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ امْتَحَنَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ لِلتَّقْوَىٰ ۚ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, шайн аьзнаш гӀелдеш берш Делан элча волчохь уьш бу Дала шайн дегнаш /Делах/ кхерарна тхь зийна берш. Царна гечдар а ду‚ сийлахь- йоккха ял а ю

    49:3
  4. إِنَّ الَّذِينَ يُنَادُونَكَ مِنْ وَرَاءِ الْحُجُرَاتِ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ

    Баккъалла а, и хьоьга кхойкхуш берш цӀенойн чоьний дехьахьара царах дукхахберш ца кхеташ бу

    49:4
  5. وَلَوْ أَنَّهُمْ صَبَرُوا حَتَّىٰ تَخْرُجَ إِلَيْهِمْ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цара собар дахьара хьо шайна тӀе араваллалц, царна дика хир ма дара. Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    49:5
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ جَاءَكُمْ فَاسِقٌ بِنَبَإٍ فَتَبَيَّنُوا أَنْ تُصِيبُوا قَوْمًا بِجَهَالَةٍ فَتُصْبِحُوا عَلَىٰ مَا فَعَلْتُمْ نَادِمِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан тӀаккха шу шаьш динчунна тӀехь дохкодевлла хир ду

    49:6
  7. وَاعْلَمُوا أَنَّ فِيكُمْ رَسُولَ اللَّهِ ۚ لَوْ يُطِيعُكُمْ فِي كَثِيرٍ مِنَ الْأَمْرِ لَعَنِتُّمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ حَبَّبَ إِلَيْكُمُ الْإِيمَانَ وَزَيَّنَهُ فِي قُلُوبِكُمْ وَكَرَّهَ إِلَيْكُمُ الْكُفْرَ وَالْفُسُوقَ وَالْعِصْيَانَ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الرَّاشِدُونَ

    Шуна хаалаш шуна юккъехь Делан элча вуйла. Дукха долчу гӀуллакхашкахь и шуьга ладугш велхьара шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтина шуна ийман‚ Цо хаздина и шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакхалла а‚ Ӏесалла а. Изаш уьш бу нийса леларш

    49:7
  8. فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَنِعْمَةً ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Делера къинхетамца а, ниӀматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    49:8

Гочдар: Магомед Магомедов