Сурат 49 Аль-хьуджурāт (ЦӀийнан чоьнаш), аят 11 – 18
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا يَسْخَرْ قَوْمٌ مِنْ قَوْمٍ عَسَىٰ أَنْ يَكُونُوا خَيْرًا مِنْهُمْ وَلَا نِسَاءٌ مِنْ نِسَاءٍ عَسَىٰ أَنْ يَكُنَّ خَيْرًا مِنْهُنَّ ۖ وَلَا تَلْمِزُوا أَنْفُسَكُمْ وَلَا تَنَابَزُوا بِالْأَلْقَابِ ۖ بِئْسَ الِاسْمُ الْفُسُوقُ بَعْدَ الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَتُبْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бēшаш ма хуьлийла‚ уьш царал дика хила а мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бēшаш‚ уьш царал дика хила а мега‚ вовшийн кхачамбацарш ма лēхалаш‚ вовшашна /ца еза/ цӀерш а ма техкалаш. Вон цӀе ю песакхалла ийманал тӀаьхьа. /Цул тӀаьхьа/ тōба ца динарш уьш зуламхой бу
49:11 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اجْتَنِبُوا كَثِيرًا مِنَ الظَّنِّ إِنَّ بَعْضَ الظَّنِّ إِثْمٌ ۖ وَلَا تَجَسَّسُوا وَلَا يَغْتَبْ بَعْضُكُمْ بَعْضًا ۚ أَيُحِبُّ أَحَدُكُمْ أَنْ يَأْكُلَ لَحْمَ أَخِيهِ مَيْتًا فَكَرِهْتُمُوهُ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ رَحِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Генадовла дукхадолчу мотталучу (дагадогӀучу) хӀуманех. Цхьа долу мотталу хӀуманаш къа ду. Вовшашна ма теӀалаш /къайлаха хӀума хаа гӀерташ/‚ шух цхьаберш вукхарех тӀехьашха ма лēлаш‚ шух цхьанна а дезий шен вешин жижиг даа, и велча? шуна иза ца дийзи. Делах кхералаш. Баккъалла а, Дела тōба дукха къобал дийриг а ву‚ /дукха/ къинхетаме верг а ву /дохковаьлла Шега тōба динчунна/
49:12 -
يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّا خَلَقْنَاكُمْ مِنْ ذَكَرٍ وَأُنْثَىٰ وَجَعَلْنَاكُمْ شُعُوبًا وَقَبَائِلَ لِتَعَارَفُوا ۚ إِنَّ أَكْرَمَكُمْ عِنْدَ اللَّهِ أَتْقَاكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌ
ХӀай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийта. Баккъалла а, шух Далла гергахь уггар сийлахь верг шух уггар /Делах/ кхоьруш верг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву
49:13 -
قَالَتِ الْأَعْرَابُ آمَنَّا ۖ قُلْ لَمْ تُؤْمِنُوا وَلَٰكِنْ قُولُوا أَسْلَمْنَا وَلَمَّا يَدْخُلِ الْإِيمَانُ فِي قُلُوبِكُمْ ۖ وَإِنْ تُطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَا يَلِتْكُمْ مِنْ أَعْمَالِكُمْ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Кхелхаш лелачу Ӏаьрбаша элира: 'Ийман диллина Оха'. Ахь āла: 'Ийман ца диллина аш‚ делахь а, аш āлалаш: 'МуьтӀахь хили тхо'. ХӀинца а ийман ца дахна шун дегнашка. Шу Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь хилахь шун Ӏамалех хӀумма эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тӀеттӀа гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву
49:14 -
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ لَمْ يَرْتَابُوا وَجَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ
Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш ийман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тӀаккха шеко ца еш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш. Уьш бу бакълуьйш берш
49:15 -
قُلْ أَتُعَلِّمُونَ اللَّهَ بِدِينِكُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Ахь āла: 'Аш Ӏамадо Далла шайн дин? Дела хууш ма ву стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо а хӀума хууш верг ма ву'
49:16 -
يَمُنُّونَ عَلَيْكَ أَنْ أَسْلَمُوا ۖ قُلْ لَا تَمُنُّوا عَلَيَّ إِسْلَامَكُمْ ۖ بَلِ اللَّهُ يَمُنُّ عَلَيْكُمْ أَنْ هَدَاكُمْ لِلْإِيمَانِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Хьуна баккхийбоь бу уьш шаьш бусалба хиларна. Ахь āла: 'Суна даккхий ма доь шаьш бусалба дин тлацарна'. ХӀаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух шу нисдина ийманна тӀе‚ шу бакълуьйш хиллехь
49:17 -
إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Баккъалла а, Далла хаьа стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг. Дела гуш дерг ма ву аш дийриг
49:18
Гочдар: Магомед Магомедов