Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 101 – 104
-
وَإِذَا ضَرَبْتُمْ فِي الْأَرْضِ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَقْصُرُوا مِنَ الصَّلَاةِ إِنْ خِفْتُمْ أَنْ يَفْتِنَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ إِنَّ الْكَافِرِينَ كَانُوا لَكُمْ عَدُوًّا مُبِينًا
Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аш ламаз доцца дича‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тӀелатарна). Баккъалла а, цатешарш хилла шуна билггала мостагӀий
4:101 -
وَإِذَا كُنْتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلَاةَ فَلْتَقُمْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُوا فَلْيَكُونُوا مِنْ وَرَائِكُمْ وَلْتَأْتِ طَائِفَةٌ أُخْرَىٰ لَمْ يُصَلُّوا فَلْيُصَلُّوا مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ ۗ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُمْ مَيْلَةً وَاحِدَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِنْ كَانَ بِكُمْ أَذًى مِنْ مَطَرٍ أَوْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَنْ تَضَعُوا أَسْلِحَتَكُمْ ۖ وَخُذُوا حِذْرَكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا
Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хӀоьттича‚ царах цхьа тоба хьоьца хӀуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш сужуде бахча (церан ракаӀат чекхдаьлча), шуна тӀехьа кхиберш хӀуьттийла. ТӀаккха ламаз даза тоба йогӀийла (хьуна тӀехьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хӀуманех гӀопал (терго ца еш) хуьлийла – тӀаккха уьш шуна тӀекхуьур бара цхьа гӀулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догӀа бахьанехь, я шу цомгуш делахь, аш шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Ӏазап
4:102 -
فَإِذَا قَضَيْتُمُ الصَّلَاةَ فَاذْكُرُوا اللَّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَىٰ جُنُوبِكُمْ ۚ فَإِذَا اطْمَأْنَنْتُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ ۚ إِنَّ الصَّلَاةَ كَانَتْ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ كِتَابًا مَوْقُوتًا
Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агӀошна тӀетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хӀоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъмин нахана хан тоьхна тӀедиллина
4:103 -
وَلَا تَهِنُوا فِي ابْتِغَاءِ الْقَوْمِ ۖ إِنْ تَكُونُوا تَأْلَمُونَ فَإِنَّهُمْ يَأْلَمُونَ كَمَا تَأْلَمُونَ ۖ وَتَرْجُونَ مِنَ اللَّهِ مَا لَا يَرْجُونَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Шу ледара ма хилалаш /шаьшца мостагӀалла йолу/ нах лаха (гӀазот дан). Шу лазош хиларх, уьш а лазош ма бу, шу лазош санна. Шу-м Делера цара дог ца дохучу хӀумане догдохуш а ду. И Дела хилла Ша хууш верг а, хьукам /нийса/ деш верг а
4:104
Гочдар: Магомед Магомедов