Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 105 – 112

  1. إِنَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِتَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ بِمَا أَرَاكَ اللَّهُ ۚ وَلَا تَكُنْ لِلْخَائِنِينَ خَصِيمًا

    Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна, бакъонца ахь нахана юккъехь хьукам дархьама Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь ямартхойн дуьхьа къуьйсуш

    4:105
  2. وَاسْتَغْفِرِ اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا

    Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш верг а, къинхетаме верг а

    4:106
  3. وَلَا تُجَادِلْ عَنِ الَّذِينَ يَخْتَانُونَ أَنْفُسَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَنْ كَانَ خَوَّانًا أَثِيمًا

    Ахь ма къийсалахь шаьш ямартло еш болчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца ямартло еш верг

    4:107
  4. يَسْتَخْفُونَ مِنَ النَّاسِ وَلَا يَسْتَخْفُونَ مِنَ اللَّهِ وَهُوَ مَعَهُمْ إِذْ يُبَيِّتُونَ مَا لَا يَرْضَىٰ مِنَ الْقَوْلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطًا

    Уьш дӀахьуллуш бу нахах, дӀахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буса И реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара динчунна го лоцуш верг

    4:108
  5. هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ جَادَلْتُمْ عَنْهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَمَنْ يُجَادِلُ اللَّهَ عَنْهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَمْ مَنْ يَكُونُ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا

    ХӀай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тӀехь векал /церан гролхо/?

    4:109
  6. وَمَنْ يَعْمَلْ سُوءًا أَوْ يَظْلِمْ نَفْسَهُ ثُمَّ يَسْتَغْفِرِ اللَّهَ يَجِدِ اللَّهَ غَفُورًا رَحِيمًا

    Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тӀаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а

    4:110
  7. وَمَنْ يَكْسِبْ إِثْمًا فَإِنَّمَا يَكْسِبُهُ عَلَىٰ نَفْسِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам/нийса/ деш верг а

    4:111
  8. وَمَنْ يَكْسِبْ خَطِيئَةً أَوْ إِثْمًا ثُمَّ يَرْمِ بِهِ بَرِيئًا فَقَدِ احْتَمَلَ بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُبِينًا

    Милла велахь а гӀалат я къа деш, тӀаккха и цӀена волчунна тӀетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тӀелоцуш

    4:112

Гочдар: Магомед Магомедов