Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 113 – 115

  1. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ وَرَحْمَتُهُ لَهَمَّتْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ أَنْ يُضِلُّوكَ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ ۖ وَمَا يَضُرُّونَكَ مِنْ شَيْءٍ ۚ وَأَنْزَلَ اللَّهُ عَلَيْكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَعَلَّمَكَ مَا لَمْ تَكُنْ تَعْلَمُ ۚ وَكَانَ فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكَ عَظِيمًا

    Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царах цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хӀумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Ӏамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна тхь Делан комаьршалла

    4:113
  2. لَا خَيْرَ فِي كَثِيرٍ مِنْ نَجْوَاهُمْ إِلَّا مَنْ أَمَرَ بِصَدَقَةٍ أَوْ مَعْرُوفٍ أَوْ إِصْلَاحٍ بَيْنَ النَّاسِ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا

    Дукхадолчу церан къайлахчу къамелех пайда бац, нагахь санна сагца, диканиг дарца, нахана юккъехь барт барца омра деш уьш бацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш, тӀаккха Оха цунна лур ма ю сийлахь- йоккха ял

    4:114
  3. وَمَنْ يُشَاقِقِ الرَّسُولَ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُ الْهُدَىٰ وَيَتَّبِعْ غَيْرَ سَبِيلِ الْمُؤْمِنِينَ نُوَلِّهِ مَا تَوَلَّىٰ وَنُصْلِهِ جَهَنَّمَ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا

    Милла велахь а, элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тӀаьхьа, муъмин боцу нехан некъана тӀаьхьахӀоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Ма вон хилла и цуьнан кхоллам!

    4:115

Гочдар: Магомед Магомедов