Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 116 – 126

  1. إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَنْ يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا

    Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар, гечдийр ду и доцург /кхин къинош/ Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тилаваларца

    4:116
  2. إِنْ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ إِلَّا إِنَاثًا وَإِنْ يَدْعُونَ إِلَّا شَيْطَانًا مَرِيدًا

    Иза а витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хӀуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачу шайтӀане

    4:117
  3. لَعَنَهُ اللَّهُ ۘ وَقَالَ لَأَتَّخِذَنَّ مِنْ عِبَادِكَ نَصِيبًا مَفْرُوضًا

    Дала неӀалт аьлла цунна. Цо (иблисо Деле) аьллера: 'Хьан лех цхьа билггала дāкъа сайгахьа доккхур ду ас

    4:118
  4. وَلَأُضِلَّنَّهُمْ وَلَأُمَنِّيَنَّهُمْ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُبَتِّكُنَّ آذَانَ الْأَنْعَامِ وَلَآمُرَنَّهُمْ فَلَيُغَيِّرُنَّ خَلْقَ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَتَّخِذِ الشَّيْطَانَ وَلِيًّا مِنْ دُونِ اللَّهِ فَقَدْ خَسِرَ خُسْرَانًا مُبِينًا

    Тилланне а тилор бу ас уьш, хазанне – ойбур бу ас церан /харц/ лаамаш, омра дийр ма ду ас царна – бежнийн лергаш хедор ма ду цара, омра дийр ма ду ас царна – хуьйцур ма ду цара Делан дин' (кхоллар). Дела а витина, и шайтӀа шена доттагӀ лаьцнарг – эшна и къаьстинчу эшамца

    4:119
  5. يَعِدُهُمْ وَيُمَنِّيهِمْ ۖ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا

    ВаӀда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтӀано царна ваӀда еш ма яц харцдерг бен

    4:120
  6. أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَلَا يَجِدُونَ عَنْهَا مَحِيصًا

    Уьш бу шайна чугӀойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кӀелхьардовлар

    4:121
  7. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ قِيلًا

    Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваӀда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/

    4:122
  8. لَيْسَ بِأَمَانِيِّكُمْ وَلَا أَمَانِيِّ أَهْلِ الْكِتَابِ ۗ مَنْ يَعْمَلْ سُوءًا يُجْزَ بِهِ وَلَا يَجِدْ لَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Шун лаамашца а‚ жайнан охӀланан лаамашца а дац иза. Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а, гӀоьнча а

    4:123
  9. وَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ نَقِيرًا

    Милла велахь а, дика Ӏамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъмин (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гӀур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна

    4:124
  10. وَمَنْ أَحْسَنُ دِينًا مِمَّنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ وَاتَّبَعَ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۗ وَاتَّخَذَ اللَّهُ إِبْرَاهِيمَ خَلِيلًا

    Мила ву хаза динца, ша дика мал а еш, шен юьхь Далла муьтхь а йина, ша бакъдолчунна тӀетевжина хиллачу ИбрахӀиман миллатана тӀаьхьа хӀоьттина хиллачул сов? Дала доттагӀ лецира ИбрахӀим

    4:125
  11. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُحِيطًا

    Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хӀума чулоцуш /Шен лманца/

    4:126

Гочдар: Магомед Магомедов