Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 120 – 139

  1. يَعِدُهُمْ وَيُمَنِّيهِمْ ۖ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا

    ВаӀда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтӀано царна ваӀда еш ма яц харцдерг бен

    4:120
  2. أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَلَا يَجِدُونَ عَنْهَا مَحِيصًا

    Уьш бу шайна чугӀойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кӀелхьардовлар

    4:121
  3. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ قِيلًا

    Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваӀда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/

    4:122
  4. لَيْسَ بِأَمَانِيِّكُمْ وَلَا أَمَانِيِّ أَهْلِ الْكِتَابِ ۗ مَنْ يَعْمَلْ سُوءًا يُجْزَ بِهِ وَلَا يَجِدْ لَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Шун лаамашца а‚ жайнан охӀланан лаамашца а дац иза. Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а, гӀоьнча а

    4:123
  5. وَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ نَقِيرًا

    Милла велахь а, дика Ӏамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъмин (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гӀур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна

    4:124
  6. وَمَنْ أَحْسَنُ دِينًا مِمَّنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ وَاتَّبَعَ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۗ وَاتَّخَذَ اللَّهُ إِبْرَاهِيمَ خَلِيلًا

    Мила ву хаза динца, ша дика мал а еш, шен юьхь Далла муьтхь а йина, ша бакъдолчунна тӀетевжина хиллачу ИбрахӀиман миллатана тӀаьхьа хӀоьттина хиллачул сов? Дала доттагӀ лецира ИбрахӀим

    4:125
  7. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُحِيطًا

    Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хӀума чулоцуш /Шен лманца/

    4:126
  8. وَيَسْتَفْتُونَكَ فِي النِّسَاءِ ۖ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِيهِنَّ وَمَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فِي الْكِتَابِ فِي يَتَامَى النِّسَاءِ اللَّاتِي لَا تُؤْتُونَهُنَّ مَا كُتِبَ لَهُنَّ وَتَرْغَبُونَ أَنْ تَنْكِحُوهُنَّ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الْوِلْدَانِ وَأَنْ تَقُومُوا لِلْيَتَامَىٰ بِالْقِسْطِ ۚ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِهِ عَلِيمًا

    Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударийн хьокъехь. Ахь āла: 'Дала хьехам бийр бу шуна церан хьокъехь а‚ /довзийтур ду шуна/ зударий аш шайна ирсана кхачорах лаьцна, Къуръана чохь доьшуш дерг а, /иштта довзийтур ду шуна/ байлахь дисинчу зудаберех а, шу шайна уьш бāло лууш, царна догӀу урдо кхоччуш дала ца лууш болчу, заьӀап хилла кӀелбисинчийн берийн хьокъехь а /хьехам бийр бу Дала/: аш нийсо латтае боберашкахь. Аш диканиг дахь – и Дела и хууш хилла'

    4:127
  9. وَإِنِ امْرَأَةٌ خَافَتْ مِنْ بَعْلِهَا نُشُوزًا أَوْ إِعْرَاضًا فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا أَنْ يُصْلِحَا بَيْنَهُمَا صُلْحًا ۚ وَالصُّلْحُ خَيْرٌ ۗ وَأُحْضِرَتِ الْأَنْفُسُ الشُّحَّ ۚ وَإِنْ تُحْسِنُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا

    Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь, майра шех хервала гӀертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шинна (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовший юккъехь маслахьат дарх‚ маслахьат тоьлуш ду. БӀаьрмецигалла лаьтташ ю синошца. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш

    4:128
  10. وَلَنْ تَسْتَطِيعُوا أَنْ تَعْدِلُوا بَيْنَ النِّسَاءِ وَلَوْ حَرَصْتُمْ ۖ فَلَا تَمِيلُوا كُلَّ الْمَيْلِ فَتَذَرُوهَا كَالْمُعَلَّقَةِ ۚ وَإِنْ تُصْلِحُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا

    Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударшна юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а. ДӀа ма дерза /шайна ца езачу зудчух/ кхоччуш, аш и юьтуш /хӀаваэхь/ кхазаелларг санна. Аш маслахьат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    4:129
  11. وَإِنْ يَتَفَرَّقَا يُغْنِ اللَّهُ كُلًّا مِنْ سَعَتِهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ وَاسِعًا حَكِيمًا

    И шиъ (майра а‚ зуда а) къастахь – Дала лур ду /царах/ хӀоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниӀмат) долуш а‚ хьукам /нийса/ деш а

    4:130
  12. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ وَصَّيْنَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَإِيَّاكُمْ أَنِ اتَّقُوا اللَّهَ ۚ وَإِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَنِيًّا حَمِيدًا

    Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аш керстадахь – цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а

    4:131
  13. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла /Шен лайн Ӏамалш/ Ӏалаш еш верг хилар

    4:132
  14. إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ أَيُّهَا النَّاسُ وَيَأْتِ بِآخَرِينَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ قَدِيرًا

    Шена лиъча‚ шу дӀадōхур ду Цо‚ хӀай нах‚ кхиберш бāлор бу. Хилла Дела цунна тӀехь ницкъ болуш

    4:133
  15. مَنْ كَانَ يُرِيدُ ثَوَابَ الدُّنْيَا فَعِنْدَ اللَّهِ ثَوَابُ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا بَصِيرًا

    Дуьненан мēла безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан мēла а‚ эхартан мēла а. Дела хилла хезаш верг а‚ гуш верг а

    4:134
  16. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا قَوَّامِينَ بِالْقِسْطِ شُهَدَاءَ لِلَّهِ وَلَوْ عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ أَوِ الْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ ۚ إِنْ يَكُنْ غَنِيًّا أَوْ فَقِيرًا فَاللَّهُ أَوْلَىٰ بِهِمَا ۖ فَلَا تَتَّبِعُوا الْهَوَىٰ أَنْ تَعْدِلُوا ۚ وَإِنْ تَلْوُوا أَوْ تُعْرِضُوا فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا

    ХӀай ийман диллинарш! Шу хилалаш чӀогӀа дӀахӀиттина нийсонца тешалла деш Далла - шена тӀехь делахь а, я шайн дена-нанна тӀехь делахь а‚ я гергарчарна тӀехь делахь а. И /шена тхь тешалла деш верг/ хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннал /лерам бан/ хьакъ верг (дика хууш ву царна шинна пайдане дерг; уьш шиъ а Ӏалашбийриг Дела ву). Шу тӀаьхьа ма хӀитталаш деган дезаршна – шу /бакъдолчух/ дӀатовжа кхерамна. Аш /тешалла/ хийцадахь я /и тешалла дан шу/ дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш

    4:135
  17. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي نَزَّلَ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَالْكِتَابِ الَّذِي أَنْزَلَ مِنْ قَبْلُ ۚ وَمَنْ يَكْفُرْ بِاللَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا بَعِيدًا

    ХӀай ийман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТӀаьхьарчу дийнах а цатешнарг – и тила ма велла генарчу (крггерачу) тиларца

    4:136
  18. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ سَبِيلًا

    Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тӀаккха керстадеш‚ юха а тешаш‚ юха а керстадеш‚ тӀаккха керстадарца совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш а‚ уьш нисбийр болуш а нийсачу новкъа

    4:137
  19. بَشِّرِ الْمُنَافِقِينَ بِأَنَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Ахь кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Ӏазап хиларца

    4:138
  20. الَّذِينَ يَتَّخِذُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَيَبْتَغُونَ عِنْدَهُمُ الْعِزَّةَ فَإِنَّ الْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا

    Ишттанаш бу уьш, муъмин нах битина, ца тешаш берш шайна доттагӀий лийцинарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге а Делан ма ю!

    4:139

Гочдар: Магомед Магомедов