Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 13 – 14

  1. تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх

    4:13
  2. وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُ يُدْخِلْهُ نَارًا خَالِدًا فِيهَا وَلَهُ عَذَابٌ مُهِينٌ

    Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вхийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду

    4:14

Гочдар: Магомед Магомедов