Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 142 – 152

  1. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ يُخَادِعُونَ اللَّهَ وَهُوَ خَادِعُهُمْ وَإِذَا قَامُوا إِلَى الصَّلَاةِ قَامُوا كُسَالَىٰ يُرَاءُونَ النَّاسَ وَلَا يَذْكُرُونَ اللَّهَ إِلَّا قَلِيلًا

    Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Ӏехо гӀерта. И ву уьш Ӏехош. Шаьш ламазна хӀиттича‚ уьш хӀуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кӀеззиг бен Дела ца хьехаво цара

    4:142
  2. مُذَبْذَبِينَ بَيْنَ ذَٰلِكَ لَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ وَلَا إِلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا

    Уьш лесташ (дсахьийзаш) бу оцунна (ийманна а, керстаналлина а) юккъехь: хӀокхарах а (муъмин нахах а) ца кхета‚ вукхарах а (керстанех а) ца кхета. Ша Дала тилвала витинчунна хьуна карронне а карор ма бац /и нисван/ некъ

    4:143
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۚ أَتُرِيدُونَ أَنْ تَجْعَلُوا لِلَّهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا مُبِينًا

    ХӀай ийман диллинарш! Аш ма леца цатешарш, доттагӀий бай, муъмин нах битий. Шу лууш ду Дала шайна тӀехь билггала делил дан?

    4:144
  4. إِنَّ الْمُنَافِقِينَ فِي الدَّرْكِ الْأَسْفَلِ مِنَ النَّارِ وَلَنْ تَجِدَ لَهُمْ نَصِيرًا

    Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цӀеран уггар бухарчу тгнна (гта) тхь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гӀоьнча

    4:145
  5. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَاعْتَصَمُوا بِاللَّهِ وَأَخْلَصُوا دِينَهُمْ لِلَّهِ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَسَوْفَ يُؤْتِ اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ أَجْرًا عَظِيمًا

    Шаьш тōба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чӀагӀбелла, шайн дин Далла цӀандина берш боцурш. Уьш муъмин нахаца бу. ТӀаьхьа лур ю Дала муъмин нахана сийлахь-йоккха ял

    4:146
  6. مَا يَفْعَلُ اللَّهُ بِعَذَابِكُمْ إِنْ شَكَرْتُمْ وَآمَنْتُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ شَاكِرًا عَلِيمًا

    ХӀун дийр ду Дала шуна Ӏазап дина, баркалла олуш а, тешаш а шу хилча? И Дела хилла баркалле верг а‚ хууш верг а

    4:147
  7. لَا يُحِبُّ اللَّهُ الْجَهْرَ بِالسُّوءِ مِنَ الْقَوْلِ إِلَّا مَنْ ظُلِمَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ سَمِيعًا عَلِيمًا

    Далла ца деза вон хабарш даржадар‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш верг а‚ хууш верг а

    4:148
  8. إِنْ تُبْدُوا خَيْرًا أَوْ تُخْفُوهُ أَوْ تَعْفُوا عَنْ سُوءٍ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا قَدِيرًا

    Аш гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь /шена вон динчунна/ вониг, – /мела бу шуна/. Баккъалла а, и Дела Ша ма хилла гечдеш верг а‚ ницкъ кхочуш верг а

    4:149
  9. إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيُرِيدُونَ أَنْ يُفَرِّقُوا بَيْنَ اللَّهِ وَرُسُلِهِ وَيَقُولُونَ نُؤْمِنُ بِبَعْضٍ وَنَكْفُرُ بِبَعْضٍ وَيُرِيدُونَ أَنْ يَتَّخِذُوا بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًا

    Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгӀо‚ шаьш олуш берш: 'Теша тхо цхьаболчарах‚ ца теша тхо вукхарах'‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца (карабан) –

    4:150
  10. أُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ حَقًّا ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا

    Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаза долу Ӏазап

    4:151
  11. وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ وَلَمْ يُفَرِّقُوا بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ أُولَٰئِكَ سَوْفَ يُؤْتِيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царах цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тӀаьхьа ял лур ерш. И Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    4:152

Гочдар: Магомед Магомедов