Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 153 – 162

  1. يَسْأَلُكَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَنْ تُنَزِّلَ عَلَيْهِمْ كِتَابًا مِنَ السَّمَاءِ ۚ فَقَدْ سَأَلُوا مُوسَىٰ أَكْبَرَ مِنْ ذَٰلِكَ فَقَالُوا أَرِنَا اللَّهَ جَهْرَةً فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ بِظُلْمِهِمْ ۚ ثُمَّ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ فَعَفَوْنَا عَنْ ذَٰلِكَ ۚ وَآتَيْنَا مُوسَىٰ سُلْطَانًا مُبِينًا

    Хьоьга доьху жайнан охӀлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: 'Дела гайта тхоьга гуччахь'. ТӀаккха стиглара цӀаро схьалецира уьш шайн зулам бахьанехь. ТӀаккха эса схьалецира цара (бадат дан) шайга билгалонаш схьаеъначул тӀаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билггал делил

    4:153
  2. وَرَفَعْنَا فَوْقَهُمُ الطُّورَ بِمِيثَاقِهِمْ وَقُلْنَا لَهُمُ ادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا وَقُلْنَا لَهُمْ لَا تَعْدُوا فِي السَّبْتِ وَأَخَذْنَا مِنْهُمْ مِيثَاقًا غَلِيظًا

    Церан тӀехула лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тӀелацийтархьама/‚ Оха элира цаьрга: 'НеӀарехула чоьхьадовла, сужуд деш'. Элира Оха цаьрга: '/Делан/ дозанех ма довлалаш шоьтдийнахь'. Цаьргара нуьцкъала ваӀда ийцира Оха

    4:154
  3. فَبِمَا نَقْضِهِمْ مِيثَاقَهُمْ وَكُفْرِهِمْ بِآيَاتِ اللَّهِ وَقَتْلِهِمُ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَقَوْلِهِمْ قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ طَبَعَ اللَّهُ عَلَيْهَا بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан 'тхан дегнаш мужулт (хьарчийна) ду', аьлла, дош бахьанехь /Дала неӀалт аьлла царна/. Дала мухӀар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Ӏеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац

    4:155
  4. وَبِكُفْرِهِمْ وَقَوْلِهِمْ عَلَىٰ مَرْيَمَ بُهْتَانًا عَظِيمًا

    Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямах лаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неӀалт аьлла царна/

    4:156
  5. وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللَّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَٰكِنْ شُبِّهَ لَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ ۚ مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلَّا اتِّبَاعَ الظَّنِّ ۚ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا

    Церан: 'Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кӀант Ӏийса Делан элча', – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Ӏазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Ӏилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тӀаьхьахӀоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,

    4:157
  6. بَلْ رَفَعَهُ اللَّهُ إِلَيْهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    4:158
  7. وَإِنْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلَّا لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا

    Жайнин охӀланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш

    4:159
  8. فَبِظُلْمٍ مِنَ الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ كَثِيرًا

    Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дӀатовжор бахьанехь а

    4:160
  9. وَأَخْذِهِمُ الرِّبَا وَقَدْ نُهُوا عَنْهُ وَأَكْلِهِمْ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цара риба эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Ӏазап кечдина Оха

    4:161
  10. لَٰكِنِ الرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ مِنْهُمْ وَالْمُؤْمِنُونَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَالْمُقِيمِينَ الصَّلَاةَ ۚ وَالْمُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالْمُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أُولَٰئِكَ سَنُؤْتِيهِمْ أَجْرًا عَظِيمًا

    Мухха делахь а, царах кӀорга Ӏилма хууш берш а‚ муъминаш а ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хӀоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тӀаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял

    4:162

Гочдар: Магомед Магомедов