Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 157 – 163

  1. وَقَوْلِهِمْ إِنَّا قَتَلْنَا الْمَسِيحَ عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ رَسُولَ اللَّهِ وَمَا قَتَلُوهُ وَمَا صَلَبُوهُ وَلَٰكِنْ شُبِّهَ لَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِيهِ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ ۚ مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِلَّا اتِّبَاعَ الظَّنِّ ۚ وَمَا قَتَلُوهُ يَقِينًا

    Церан: 'Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кӀант Ӏийса Делан элча', – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Ӏазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Ӏилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тӀаьхьахӀоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,

    4:157
  2. بَلْ رَفَعَهُ اللَّهُ إِلَيْهِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    4:158
  3. وَإِنْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ إِلَّا لَيُؤْمِنَنَّ بِهِ قَبْلَ مَوْتِهِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا

    Жайнин охӀланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш

    4:159
  4. فَبِظُلْمٍ مِنَ الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ طَيِّبَاتٍ أُحِلَّتْ لَهُمْ وَبِصَدِّهِمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ كَثِيرًا

    Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дӀатовжор бахьанехь а

    4:160
  5. وَأَخْذِهِمُ الرِّبَا وَقَدْ نُهُوا عَنْهُ وَأَكْلِهِمْ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ ۚ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цара риба эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Ӏазап кечдина Оха

    4:161
  6. لَٰكِنِ الرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ مِنْهُمْ وَالْمُؤْمِنُونَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَالْمُقِيمِينَ الصَّلَاةَ ۚ وَالْمُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالْمُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أُولَٰئِكَ سَنُؤْتِيهِمْ أَجْرًا عَظِيمًا

    Мухха делахь а, царах кӀорга Ӏилма хууш берш а‚ муъминаш а ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хӀоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тӀаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял

    4:162
  7. إِنَّا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ كَمَا أَوْحَيْنَا إِلَىٰ نُوحٍ وَالنَّبِيِّينَ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَعِيسَىٰ وَأَيُّوبَ وَيُونُسَ وَهَارُونَ وَسُلَيْمَانَ ۚ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا

    Баккъалла а, Оха вехьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тӀаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯӀкъубе а‚ ЯӀкъубан тӀаьхьене а‚ Ӏийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХӀаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур

    4:163

Гочдар: Магомед Магомедов