Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 163 – 171

  1. إِنَّا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ كَمَا أَوْحَيْنَا إِلَىٰ نُوحٍ وَالنَّبِيِّينَ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَعِيسَىٰ وَأَيُّوبَ وَيُونُسَ وَهَارُونَ وَسُلَيْمَانَ ۚ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا

    Баккъалла а, Оха вехьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тӀаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯӀкъубе а‚ ЯӀкъубан тӀаьхьене а‚ Ӏийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХӀаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур

    4:163
  2. وَرُسُلًا قَدْ قَصَصْنَاهُمْ عَلَيْكَ مِنْ قَبْلُ وَرُسُلًا لَمْ نَقْصُصْهُمْ عَلَيْكَ ۚ وَكَلَّمَ اللَّهُ مُوسَىٰ تَكْلِيمًا

    Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу а /элчанашка вехьий даийтира Оха/. Мусага хабар дийцира Дала /схьадиллинчу/ дийцарца

    4:164
  3. رُسُلًا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَى اللَّهِ حُجَّةٌ بَعْدَ الرُّسُلِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ кхерам туьйсуш хилла болчу а /даийтира Оха вехьий/ нахана Далла тӀехь делил цахилийтархьама элчанел тӀаьхьа. Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а хилла

    4:165
  4. لَٰكِنِ اللَّهُ يَشْهَدُ بِمَا أَنْزَلَ إِلَيْكَ ۖ أَنْزَلَهُ بِعِلْمِهِ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ يَشْهَدُونَ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا

    Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Ӏилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш хилар

    4:166
  5. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ قَدْ ضَلُّوا ضَلَالًا بَعِيدًا

    Баккъалла а, и цатешашнарш‚ Делан новкъара /нах/ юьстахбохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца

    4:167
  6. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَظَلَمُوا لَمْ يَكُنِ اللَّهُ لِيَغْفِرَ لَهُمْ وَلَا لِيَهْدِيَهُمْ طَرِيقًا

    Баккъалла а, и цатешнарш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан /воллуш нийсачу/ новкъа‚

    4:168
  7. إِلَّا طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا

    Жоьжахатин новкъа бен‚ уьш цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта

    4:169
  8. يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمُ الرَّسُولُ بِالْحَقِّ مِنْ رَبِّكُمْ فَآمِنُوا خَيْرًا لَكُمْ ۚ وَإِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا

    ХӀай нах! Шуьга веана элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аш ийман дилла – иза дика ду шуна. Аш керстадахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    4:170
  9. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَا تَغْلُوا فِي دِينِكُمْ وَلَا تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ ۚ إِنَّمَا الْمَسِيحُ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ رَسُولُ اللَّهِ وَكَلِمَتُهُ أَلْقَاهَا إِلَىٰ مَرْيَمَ وَرُوحٌ مِنْهُ ۖ فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۖ وَلَا تَقُولُوا ثَلَاثَةٌ ۚ انْتَهُوا خَيْرًا لَكُمْ ۚ إِنَّمَا اللَّهُ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ سُبْحَانَهُ أَنْ يَكُونَ لَهُ وَلَدٌ ۘ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    ХӀай жайнан охӀла! Дукха тӀех ма довла шайн динехь. Ма āла Далла тӀехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масūхь, Марьяман кӀант Ӏийса – Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша делла хилла долу Марьяме‚ Цунах са а ду – ийман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аш ма āла: 'Кхоъ'. Совца – шуна дика хир ду. АллахӀ – цхьа Дела ву‚ цӀена ву и Шен доьзалхо хиларх. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делаца векал хилар

    4:171

Гочдар: Магомед Магомедов