Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 172 – 176

  1. لَنْ يَسْتَنْكِفَ الْمَسِيحُ أَنْ يَكُونَ عَبْدًا لِلَّهِ وَلَا الْمَلَائِكَةُ الْمُقَرَّبُونَ ۚ وَمَنْ يَسْتَنْكِفْ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيَسْتَكْبِرْ فَسَيَحْشُرُهُمْ إِلَيْهِ جَمِيعًا

    Куралла янне а йийр яцара Масūхьа Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Ӏибадатна куралла йинарг, дозалладинарг – тӀаккха Шена тӀе гулвийр волуш ву Цо массо а

    4:172
  2. فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدُهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۖ وَأَمَّا الَّذِينَ اسْتَنْكَفُوا وَاسْتَكْبَرُوا فَيُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَلَا يَجِدُونَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ дозалладинарш а – Ӏазап дийр ду царна лазош долчу Ӏазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гӀоьнча а

    4:173
  3. يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمْ بُرْهَانٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكُمْ نُورًا مُبِينًا

    ХӀай нах! Еана шуьга шун Кхиош-кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга

    4:174
  4. فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَاعْتَصَمُوا بِهِ فَسَيُدْخِلُهُمْ فِي رَحْمَةٍ مِنْهُ وَفَضْلٍ وَيَهْدِيهِمْ إِلَيْهِ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا

    Деле ийман диллинарш‚ Цуьнца чӀагӀбелларш – тӀаккха кхачор бу Цо уьш Шегара къинхетаме а‚ комаьршалле а‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тӀе нийсачу новкъа

    4:175
  5. يَسْتَفْتُونَكَ قُلِ اللَّهُ يُفْتِيكُمْ فِي الْكَلَالَةِ ۚ إِنِ امْرُؤٌ هَلَكَ لَيْسَ لَهُ وَلَدٌ وَلَهُ أُخْتٌ فَلَهَا نِصْفُ مَا تَرَكَ ۚ وَهُوَ يَرِثُهَا إِنْ لَمْ يَكُنْ لَهَا وَلَدٌ ۚ فَإِنْ كَانَتَا اثْنَتَيْنِ فَلَهُمَا الثُّلُثَانِ مِمَّا تَرَكَ ۚ وَإِنْ كَانُوا إِخْوَةً رِجَالًا وَنِسَاءً فَلِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنْثَيَيْنِ ۗ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ أَنْ تَضِلُّوا ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца хаттаршна. Ахь āла: 'Дала кхетор ду шу шен доьзалхо я да, буха а ца вуьсуш, веллачун хьокъехь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ бухавуьсуш шен доьзалхо а, /да а/ воцуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриг ирс‚ нагахь санна цуьнан (йишин) доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – цу шинна, кхо дāкъа дина, ши дāкъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дāкъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу тила цадалархьама. И Дела массо а хӀума хууш ву

    4:176

Гочдар: Магомед Магомедов