Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 22 – 24
-
وَلَا تَنْكِحُوا مَا نَكَحَ آبَاؤُكُمْ مِنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا قَدْ سَلَفَ ۚ إِنَّهُ كَانَ فَاحِشَةً وَمَقْتًا وَسَاءَ سَبِيلًا
Аш ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург. И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а
4:22 -
حُرِّمَتْ عَلَيْكُمْ أُمَّهَاتُكُمْ وَبَنَاتُكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ وَعَمَّاتُكُمْ وَخَالَاتُكُمْ وَبَنَاتُ الْأَخِ وَبَنَاتُ الْأُخْتِ وَأُمَّهَاتُكُمُ اللَّاتِي أَرْضَعْنَكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ مِنَ الرَّضَاعَةِ وَأُمَّهَاتُ نِسَائِكُمْ وَرَبَائِبُكُمُ اللَّاتِي فِي حُجُورِكُمْ مِنْ نِسَائِكُمُ اللَّاتِي دَخَلْتُمْ بِهِنَّ فَإِنْ لَمْ تَكُونُوا دَخَلْتُمْ بِهِنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ وَحَلَائِلُ أَبْنَائِكُمُ الَّذِينَ مِنْ أَصْلَابِكُمْ وَأَنْ تَجْمَعُوا بَيْنَ الْأُخْتَيْنِ إِلَّا مَا قَدْ سَلَفَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Шуна (бāло) хьарам бина шун наной а‚ шун йорий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин йорий а‚ шун йишин йорий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной а‚ шун шурин йижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна /церан мехкарий бало/. Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха (цхьана яло) а /хьарам ду шуна/‚ хьалха ддахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
4:23 -
وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۖ كِتَابَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ وَأُحِلَّ لَكُمْ مَا وَرَاءَ ذَٰلِكُمْ أَنْ تَبْتَغُوا بِأَمْوَالِكُمْ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ ۚ فَمَا اسْتَمْتَعْتُمْ بِهِ مِنْهُنَّ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا تَرَاضَيْتُمْ بِهِ مِنْ بَعْدِ الْفَرِيضَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладийна боцурш‚ и тIедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догIу урдо дIалуш‚ шарIаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича – царна богIу мах дIало фарз хилла болу. Фарз кхочушдина (царна догIу урдо дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а
4:24
Гочдар: Магомед Магомедов