Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 23 – 25
-
حُرِّمَتْ عَلَيْكُمْ أُمَّهَاتُكُمْ وَبَنَاتُكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ وَعَمَّاتُكُمْ وَخَالَاتُكُمْ وَبَنَاتُ الْأَخِ وَبَنَاتُ الْأُخْتِ وَأُمَّهَاتُكُمُ اللَّاتِي أَرْضَعْنَكُمْ وَأَخَوَاتُكُمْ مِنَ الرَّضَاعَةِ وَأُمَّهَاتُ نِسَائِكُمْ وَرَبَائِبُكُمُ اللَّاتِي فِي حُجُورِكُمْ مِنْ نِسَائِكُمُ اللَّاتِي دَخَلْتُمْ بِهِنَّ فَإِنْ لَمْ تَكُونُوا دَخَلْتُمْ بِهِنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ وَحَلَائِلُ أَبْنَائِكُمُ الَّذِينَ مِنْ أَصْلَابِكُمْ وَأَنْ تَجْمَعُوا بَيْنَ الْأُخْتَيْنِ إِلَّا مَا قَدْ سَلَفَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Шуна (бāло) хьарам бина шун наной а‚ шун йорий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин йорий а‚ шун йишин йорий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной а‚ шун шурин йижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цӀеношкахь Ӏеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна /церан мехкарий бало/. Шун чӀурах схьабевлла болу шун кӀентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха (цхьана яло) а /хьарам ду шуна/‚ хьалха ддахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
4:23 -
وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۖ كِتَابَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ وَأُحِلَّ لَكُمْ مَا وَرَاءَ ذَٰلِكُمْ أَنْ تَبْتَغُوا بِأَمْوَالِكُمْ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ ۚ فَمَا اسْتَمْتَعْتُمْ بِهِ مِنْهُنَّ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا تَرَاضَيْتُمْ بِهِ مِنْ بَعْدِ الْفَرِيضَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладийна боцурш‚ и тӀедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догӀу урдо дӀалуш‚ шарӀаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича – царна богӀу мах дӀало фарз хилла болу. Фарз кхочушдина (царна догӀу урдо дӀаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тӀехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а
4:24 -
وَمَنْ لَمْ يَسْتَطِعْ مِنْكُمْ طَوْلًا أَنْ يَنْكِحَ الْمُحْصَنَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ فَمِنْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ مِنْ فَتَيَاتِكُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِكُمْ ۚ بَعْضُكُمْ مِنْ بَعْضٍ ۚ فَانْكِحُوهُنَّ بِإِذْنِ أَهْلِهِنَّ وَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ مُحْصَنَاتٍ غَيْرَ مُسَافِحَاتٍ وَلَا مُتَّخِذَاتِ أَخْدَانٍ ۚ فَإِذَا أُحْصِنَّ فَإِنْ أَتَيْنَ بِفَاحِشَةٍ فَعَلَيْهِنَّ نِصْفُ مَا عَلَى الْمُحْصَنَاتِ مِنَ الْعَذَابِ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِيَ الْعَنَتَ مِنْكُمْ ۚ وَأَنْ تَصْبِرُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цӀена болу муъмин зударий бāло – шайн аьтту куьйгаша доладийначу шайн муъмин мехкарех (лех) балабе. Далла дика хаьа шун ийман‚ шу вовшах /схьадевлла/ ду. Балабе уьш церан охӀлан пурбанца‚ дӀало церан мах диканца‚ цӀена хилла болу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагӀ лаьцна боцуш болу – (зударий). ТӀаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догӀучух ах Ӏазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аш собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву
4:25
Гочдар: Магомед Магомедов