Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 26 – 33

  1. يُرِيدُ اللَّهُ لِيُبَيِّنَ لَكُمْ وَيَهْدِيَكُمْ سُنَنَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَيَتُوبَ عَلَيْكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нисдан‚ шун тōба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам /нийса/ деш а ву

    4:26
  2. وَاللَّهُ يُرِيدُ أَنْ يَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَيُرِيدُ الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الشَّهَوَاتِ أَنْ تَمِيلُوا مَيْلًا عَظِيمًا

    Цу Далла лаьа шун тōба къобалдан. /Шайн/ дезаршна тӀаьхьахӀуьттуш болчарна лаьа шу /цӀенчух/ дуккха генадовла

    4:27
  3. يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُخَفِّفَ عَنْكُمْ ۚ وَخُلِقَ الْإِنْسَانُ ضَعِيفًا

    Шуна тӀера /халонаш/ яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьӀап

    4:28
  4. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَكُمْ بَيْنَكُمْ بِالْبَاطِلِ إِلَّا أَنْ تَكُونَ تِجَارَةً عَنْ تَرَاضٍ مِنْكُمْ ۚ وَلَا تَقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا

    ХӀай ийман диллинарш! Вовшийн даьхни ма даалаш харцонца‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме

    4:29
  5. وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ عُدْوَانًا وَظُلْمًا فَسَوْفَ نُصْلِيهِ نَارًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا

    МостагӀаллица‚ зуламца и динарг‚ тьхьа Оха чуверзор ву цӀерга. И хилла Далла атта (и Далла атта ду)

    4:30
  6. إِنْ تَجْتَنِبُوا كَبَائِرَ مَا تُنْهَوْنَ عَنْهُ نُكَفِّرْ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَنُدْخِلْكُمْ مُدْخَلًا كَرِيمًا

    Шайна нехӀа дина долу даккхий къинош аш юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудохуьйтур ду шу сийлахьчу чугӀойлина (ялсамане)

    4:31
  7. وَلَا تَتَمَنَّوْا مَا فَضَّلَ اللَّهُ بِهِ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ لِلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِمَّا اكْتَسَبُوا ۖ وَلِلنِّسَاءِ نَصِيبٌ مِمَّا اكْتَسَبْنَ ۚ وَاسْأَلُوا اللَّهَ مِنْ فَضْلِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Шуна ма дезийла Дала шух цхьаболчарна вукхарал базбина делларг. Божаршна дāкъа ду шаьш карадийначух‚ зударшна а дāкъа ду цара шаьш карадийначух. Аш Деле деха Цуьнан комаьршаллах. И Дела хилла (ву) массо а хӀума Ша хууш

    4:32
  8. وَلِكُلٍّ جَعَلْنَا مَوَالِيَ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ ۚ وَالَّذِينَ عَقَدَتْ أَيْمَانُكُمْ فَآتُوهُمْ نَصِيبَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا

    ХӀоранна Оха хилийтина дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух ирсоьцург. Шун дуйнаша чӀагӀбиначарна (хьалха аш шайна ирс лур ду, аьлла, ваӀда йина хилла болу доттагӀий), – дӀало царна церан дāкъа. Баккъалла а, и Дела хилла массо а хӀуманна тхь теш

    4:33

Гочдар: Магомед Магомедов