Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 34 – 42

  1. الرِّجَالُ قَوَّامُونَ عَلَى النِّسَاءِ بِمَا فَضَّلَ اللَّهُ بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ وَبِمَا أَنْفَقُوا مِنْ أَمْوَالِهِمْ ۚ فَالصَّالِحَاتُ قَانِتَاتٌ حَافِظَاتٌ لِلْغَيْبِ بِمَا حَفِظَ اللَّهُ ۚ وَاللَّاتِي تَخَافُونَ نُشُوزَهُنَّ فَعِظُوهُنَّ وَاهْجُرُوهُنَّ فِي الْمَضَاجِعِ وَاضْرِبُوهُنَّ ۖ فَإِنْ أَطَعْنَكُمْ فَلَا تَبْغُوا عَلَيْهِنَّ سَبِيلًا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيًّا كَبِيرًا

    Божарий тӀехӀиттина бу зударшна, Дала цхьаберш вукхарал базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – / Далла а, шайн марошна а/ муьтӀахь берш‚ шаьш лардеш берш /марошна/ гучахь доцург Дала ларде аларна. Шу – церан Ӏесаллех кхоьруш дерш – хьехам бе царна‚ /цунах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь‚ /цунах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТӀаккха уьш шуна муьтӀахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха верг а‚ воккха верг а

    4:34
  2. وَإِنْ خِفْتُمْ شِقَاقَ بَيْنِهِمَا فَابْعَثُوا حَكَمًا مِنْ أَهْلِهِ وَحَكَمًا مِنْ أَهْلِهَا إِنْ يُرِيدَا إِصْلَاحًا يُوَفِّقِ اللَّهُ بَيْنَهُمَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا خَبِيرًا

    Шу кхерахь (маран а (майрачун)‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (маран) нахана юккъера а‚ зудчун нахана юккъера а. Маслахьат лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу царна юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо а хӀума) хууш верг а‚ /къайлаха дерг/ дика хууш верг а

    4:35
  3. وَاعْبُدُوا اللَّهَ وَلَا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَبِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَالْجَارِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَالْجَارِ الْجُنُبِ وَالصَّاحِبِ بِالْجَنْبِ وَابْنِ السَّبِيلِ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَنْ كَانَ مُخْتَالًا فَخُورًا

    Далла Ӏибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хӀуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ гергара волчу лулахочунна а, гергара воцчу (хийрачу) лулахочунна а‚ агр накъостана а‚ некъан накъостана а‚ шайн аьтту куьйгаша доладийначарна а /дика хила/. Баккъалла а, Далла ца веза деккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а

    4:36
  4. الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ وَيَكْتُمُونَ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا

    Пис берш а, нахана пис хила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллах хьулдеш берш а /ца беза Дала/ – Оха кечдина цатешачарна сийсаза долу Ӏазап

    4:37
  5. وَالَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ رِئَاءَ النَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَلَا بِالْيَوْمِ الْآخِرِ ۗ وَمَنْ يَكُنِ الشَّيْطَانُ لَهُ قَرِينًا فَسَاءَ قَرِينًا

    Шайн даьхни нахана гайтархьама сагӀина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешаш боцуш /ца беза Далла/, шена шайтӀа доттагӀ хилларг – вон доттагӀ хилла цунах

    4:38
  6. وَمَاذَا عَلَيْهِمْ لَوْ آمَنُوا بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقَهُمُ اللَّهُ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِهِمْ عَلِيمًا

    ХӀун дара царна Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъанах сагӀа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла

    4:39
  7. إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ ۖ وَإِنْ تَكُ حَسَنَةً يُضَاعِفْهَا وَيُؤْتِ مِنْ لَدُنْهُ أَجْرًا عَظِيمًا

    Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал, зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и ттт алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло

    4:40
  8. فَكَيْفَ إِذَا جِئْنَا مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ بِشَهِيدٍ وَجِئْنَا بِكَ عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ شَهِيدًا

    Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хӀокхарна тӀехь теш валийча?

    4:41
  9. يَوْمَئِذٍ يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَعَصَوُا الرَّسُولَ لَوْ تُسَوَّىٰ بِهِمُ الْأَرْضُ وَلَا يَكْتُمُونَ اللَّهَ حَدِيثًا

    Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Ӏесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг

    4:42

Гочдар: Магомед Магомедов