Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 43 – 50
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْرَبُوا الصَّلَاةَ وَأَنْتُمْ سُكَارَىٰ حَتَّىٰ تَعْلَمُوا مَا تَقُولُونَ وَلَا جُنُبًا إِلَّا عَابِرِي سَبِيلٍ حَتَّىٰ تَغْتَسِلُوا ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِنْكُمْ مِنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا غَفُورًا
ХӀай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гӀолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштагнера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь – тӀаккха шуна хи ца карадахь – тема де цӀенчу лаьттаца /я гӀамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а
4:43 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يَشْتَرُونَ الضَّلَالَةَ وَيُرِيدُونَ أَنْ تَضِلُّوا السَّبِيلَ
Хьуна ца го и шайна жайнах /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна
4:44 -
وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِأَعْدَائِكُمْ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَلِيًّا وَكَفَىٰ بِاللَّهِ نَصِيرًا
Далла дика бевза шун мостагӀий. Дала кхачо йина /шун/ вали хиларца, Дала кхачо йина /шун/ гӀоьнча хиларца
4:45 -
مِنَ الَّذِينَ هَادُوا يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَنْ مَوَاضِعِهِ وَيَقُولُونَ سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَاسْمَعْ غَيْرَ مُسْمَعٍ وَرَاعِنَا لَيًّا بِأَلْسِنَتِهِمْ وَطَعْنًا فِي الدِّينِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ قَالُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا وَاسْمَعْ وَانْظُرْنَا لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ وَأَقْوَمَ وَلَٰكِنْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُونَ إِلَّا قَلِيلًا
Жуьгтийн динехь хиллачарех бу шаьш дош шен меттигера дӀадоккхуш берш. Цара олу: 'Хезна тхуна /хьан дош/‚ Ӏеса ду тхо /хьан омрана/', 'ЛадогӀа ахь – хозуьйтур дац хьуна /вониг/', 'РаӀина' маттаца кда олуш, /ислам/ динна ттарш еш. Цара аьллехьара: 'Хезна тхуна‚ муьтӀахь хилла тхо‚ ладогӀа‚ хьажа тхоьга (тхан гӀайгӀа бе)'- царна дика хир дара‚ чӀогӀа а /хир дара/. Мухха делахь а, Дала неӀалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кӀеззиг (берш) бен
4:46 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ آمِنُوا بِمَا نَزَّلْنَا مُصَدِّقًا لِمَا مَعَكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَطْمِسَ وُجُوهًا فَنَرُدَّهَا عَلَىٰ أَدْبَارِهَا أَوْ نَلْعَنَهُمْ كَمَا لَعَنَّا أَصْحَابَ السَّبْتِ ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا
ХӀай шайга жайна делларш! Шу теша Оха доссош хиллачух (Къуръанах)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Таврат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нисйина тӀехьа ерзаяле‚ я неӀалт алале‚ шоьтан дийнан дайшна ма-аллара. Делан гӀуллакх кхочушхилла
4:47 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَغْفِرُ أَنْ يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَٰلِكَ لِمَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدِ افْتَرَىٰ إِثْمًا عَظِيمًا
Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацарна‚ Цо геч ма до и доцург Шена луъчунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – деза-доккха къа кхоьллина (дина) цо
4:48 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُزَكُّونَ أَنْفُسَهُمْ ۚ بَلِ اللَّهُ يُزَكِّي مَنْ يَشَاءُ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًا
Хьуна ца го и шаьш цӀанбеш берш? Дала цӀанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна
4:49 -
انْظُرْ كَيْفَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَكَفَىٰ بِهِ إِثْمًا مُبِينًا
Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тӀехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца
4:50
Гочдар: Магомед Магомедов