Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 51 – 59

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يُؤْمِنُونَ بِالْجِبْتِ وَالطَّاغُوتِ وَيَقُولُونَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا هَٰؤُلَاءِ أَهْدَىٰ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا سَبِيلًا

    Хьуна ца го шайна жайнах дāкъа делларш – уьш тешаш бу джибтех а‚ тӀагӀутах а‚ цара олу цатешачаьрга: 'Шу ду нийсачу новкъахь /Мухьаммадан Деле/ ийман диллинчарал'

    4:51
  2. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَعَنَهُمُ اللَّهُ ۖ وَمَنْ يَلْعَنِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ نَصِيرًا

    Уьш ма бу Дала шайна неӀалт аьлларш. Дала неӀалт аьллачунна хьуна цкъа а карор ма вац гӀоьнча

    4:52
  3. أَمْ لَهُمْ نَصِيبٌ مِنَ الْمُلْكِ فَإِذًا لَا يُؤْتُونَ النَّاسَ نَقِيرًا

    Я шайна мулках дāкъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана чамхалг а

    4:53
  4. أَمْ يَحْسُدُونَ النَّاسَ عَلَىٰ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۖ فَقَدْ آتَيْنَا آلَ إِبْرَاهِيمَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَآتَيْنَاهُمْ مُلْكًا عَظِيمًا

    Я нахана хьагӀ йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллах деллачунна тӀехь? Оха делира ИбрахӀиман доьзална жайна а‚ хьекъалалла а. Деза-доккха мулк (даьхни) деллера Оха царна

    4:54
  5. فَمِنْهُمْ مَنْ آمَنَ بِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ صَدَّ عَنْهُ ۚ وَكَفَىٰ بِجَهَنَّمَ سَعِيرًا

    Царах (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – Къуръанах) тешнарг а ву. Царах цунна дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица /уьш бāго/ цӀе хилар

    4:55
  6. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا سَوْفَ نُصْلِيهِمْ نَارًا كُلَّمَا نَضِجَتْ جُلُودُهُمْ بَدَّلْنَاهُمْ جُلُودًا غَيْرَهَا لِيَذُوقُوا الْعَذَابَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَزِيزًا حَكِيمًا

    Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш – тӀаккха бохуьйтур бу Оха уьш цӀерга. Церан чкъоьрнаш даьгна мел дели Оха уьш хийцор ду кхечу чкъоьрнашца цаьрга Ӏазап Ӏовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьукам /нийса / деш а

    4:56
  7. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَنُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ لَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ ۖ وَنُدْخِلُهُمْ ظِلًّا ظَلِيلًا

    Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а – тӀаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цӀена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш дуькъачу ӀиндагӀе

    4:57
  8. إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُكُمْ أَنْ تُؤَدُّوا الْأَمَانَاتِ إِلَىٰ أَهْلِهَا وَإِذَا حَكَمْتُمْ بَيْنَ النَّاسِ أَنْ تَحْكُمُوا بِالْعَدْلِ ۚ إِنَّ اللَّهَ نِعِمَّا يَعِظُكُمْ بِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ سَمِيعًا بَصِيرًا

    Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хӀуманаш дӀаерзор шайн дайшка‚ нахана юккъехь шаьш хьукам деш, и хьукам дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш верг а, гуш верг а

    4:58
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَأُولِي الْأَمْرِ مِنْكُمْ ۖ فَإِنْ تَنَازَعْتُمْ فِي شَيْءٍ فَرُدُّوهُ إِلَى اللَّهِ وَالرَّسُولِ إِنْ كُنْتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًا

    ХӀай ийман диллинарш! Шу муьтӀахь хилалаш Далла‚ шу муьтӀахь хилалаш элчанна а‚ шух гӀуллакх карахь долчарна а. Цхьана хӀуманна тӀехь шун къийсам хилахь‚ аш и ддерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ тӀаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду

    4:59

Гочдар: Магомед Магомедов