Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 60 – 61
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُوا بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَنْ يَتَحَاكَمُوا إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُوا أَنْ يَكْفُرُوا بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُضِلَّهُمْ ضَلَالًا بَعِيدًا
Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тӀагӀута. Цаьрга омра ма дина цунах (тӀагӀутах) ма теша, аьлла. ШайтӀа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца
4:60 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ رَأَيْتَ الْمُنَافِقِينَ يَصُدُّونَ عَنْكَ صُدُودًا
Цаьрга аьлча: 'ТӀедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукам дойту вай Къуръане а‚ элчане а)'‚ хьуна ма го и мунепикъаш дӀабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца
4:61
Гочдар: Магомед Магомедов