Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 60 – 70

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يَزْعُمُونَ أَنَّهُمْ آمَنُوا بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ يُرِيدُونَ أَنْ يَتَحَاكَمُوا إِلَى الطَّاغُوتِ وَقَدْ أُمِرُوا أَنْ يَكْفُرُوا بِهِ وَيُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُضِلَّهُمْ ضَلَالًا بَعِيدًا

    Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тӀагӀута. Цаьрга омра ма дина цунах (тӀагӀутах) ма теша, аьлла. ШайтӀа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца

    4:60
  2. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ رَأَيْتَ الْمُنَافِقِينَ يَصُدُّونَ عَنْكَ صُدُودًا

    Цаьрга аьлча: 'ТӀедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукам дойту вай Къуръане а‚ элчане а)'‚ хьуна ма го и мунепикъаш дӀабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца

    4:61
  3. فَكَيْفَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ثُمَّ جَاءُوكَ يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا إِحْسَانًا وَتَوْفِيقًا

    Муха хир ду царна тӀе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ тккха уьш хьуна тӀе баьхкича‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: 'Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен'‚ – олуш?

    4:62
  4. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَعْلَمُ اللَّهُ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَعِظْهُمْ وَقُلْ لَهُمْ فِي أَنْفُسِهِمْ قَوْلًا بَلِيغًا

    Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ кргга кхетош долу дош

    4:63
  5. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ رَسُولٍ إِلَّا لِيُطَاعَ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ إِذْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ جَاءُوكَ فَاسْتَغْفَرُوا اللَّهَ وَاسْتَغْفَرَ لَهُمُ الرَّسُولُ لَوَجَدُوا اللَّهَ تَوَّابًا رَحِيمًا

    Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтӀахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича, хьуна тӀе богӀуш, тккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а

    4:64
  6. فَلَا وَرَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ حَتَّىٰ يُحَكِّمُوكَ فِيمَا شَجَرَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ لَا يَجِدُوا فِي أَنْفُسِهِمْ حَرَجًا مِمَّا قَضَيْتَ وَيُسَلِّمُوا تَسْلِيمًا

    Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тӀера хьукам хьоьга дойтуш бацахь‚ тӀаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хӀумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтӀахь хуьлуш бацахь

    4:65
  7. وَلَوْ أَنَّا كَتَبْنَا عَلَيْهِمْ أَنِ اقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ أَوِ اخْرُجُوا مِنْ دِيَارِكُمْ مَا فَعَلُوهُ إِلَّا قَلِيلٌ مِنْهُمْ ۖ وَلَوْ أَنَّهُمْ فَعَلُوا مَا يُوعَظُونَ بِهِ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ وَأَشَدَّ تَثْبِيتًا

    Оха царна тӀедиллина хиллехьара, шаьш дайа аьлла я арадовла шайн цӀеношкара аьлла‚ царах кӀеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чӀогӀа а ма дара

    4:66
  8. وَإِذًا لَآتَيْنَاهُمْ مِنْ لَدُنَّا أَجْرًا عَظِيمًا

    ТӀаккха Тхайна гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха

    4:67
  9. وَلَهَدَيْنَاهُمْ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا

    Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш

    4:68
  10. وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَالرَّسُولَ فَأُولَٰئِكَ مَعَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنَ النَّبِيِّينَ وَالصِّدِّيقِينَ وَالشُّهَدَاءِ وَالصَّالِحِينَ ۚ وَحَسُنَ أُولَٰئِكَ رَفِيقًا

    Далла а‚ элчанна а муьтӀахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниӀмат деллачаьрца цхьана: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гӀазотехь беллачаьрца, дикачаьрца. Ма хаза хили уьш шайна накъост хиларца!

    4:69
  11. ذَٰلِكَ الْفَضْلُ مِنَ اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ عَلِيمًا

    И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар

    4:70

Гочдар: Магомед Магомедов