Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 62 – 65
-
فَكَيْفَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ثُمَّ جَاءُوكَ يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا إِحْسَانًا وَتَوْفِيقًا
Муха хир ду царна тӀе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ тккха уьш хьуна тӀе баьхкича‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: 'Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен'‚ – олуш?
4:62 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَعْلَمُ اللَّهُ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَعِظْهُمْ وَقُلْ لَهُمْ فِي أَنْفُسِهِمْ قَوْلًا بَلِيغًا
Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ кргга кхетош долу дош
4:63 -
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ رَسُولٍ إِلَّا لِيُطَاعَ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَلَوْ أَنَّهُمْ إِذْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ جَاءُوكَ فَاسْتَغْفَرُوا اللَّهَ وَاسْتَغْفَرَ لَهُمُ الرَّسُولُ لَوَجَدُوا اللَّهَ تَوَّابًا رَحِيمًا
Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтӀахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича, хьуна тӀе богӀуш, тккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а
4:64 -
فَلَا وَرَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ حَتَّىٰ يُحَكِّمُوكَ فِيمَا شَجَرَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ لَا يَجِدُوا فِي أَنْفُسِهِمْ حَرَجًا مِمَّا قَضَيْتَ وَيُسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тӀера хьукам хьоьга дойтуш бацахь‚ тӀаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хӀумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтӀахь хуьлуш бацахь
4:65
Гочдар: Магомед Магомедов