Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 72 – 73
-
وَإِنَّ مِنْكُمْ لَمَنْ لَيُبَطِّئَنَّ فَإِنْ أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَالَ قَدْ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيَّ إِذْ لَمْ أَكُنْ مَعَهُمْ شَهِيدًا
Баккъалла а, шух ма ву ша /гӀазотана/ тӀаьхьавуьсуш верг. Шуна цхьа бохам хилча, олу цо: 'Ма ниӀмат делла суна Дала со царна юккъехь (гӀазотехь) цахиларна' (хиллехьара, со лазийна я велла хир вара)
4:72 -
وَلَئِنْ أَصَابَكُمْ فَضْلٌ مِنَ اللَّهِ لَيَقُولَنَّ كَأَنْ لَمْ تَكُنْ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُ مَوَدَّةٌ يَا لَيْتَنِي كُنْتُ مَعَهُمْ فَأَفُوزَ فَوْزًا عَظِيمًا
Шуна Делера сийлалла хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: 'Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – беза - боккха толам ас а боккхур ма барий тӀаккха'
4:73
Гочдар: Магомед Магомедов