Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 74 – 76

  1. فَلْيُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يَشْرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالْآخِرَةِ ۚ وَمَنْ يُقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَيُقْتَلْ أَوْ يَغْلِبْ فَسَوْفَ نُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا

    Делан новкъахь тӀом бойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара. Делан новкъахь тӀом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тӀаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял

    4:74
  2. وَمَا لَكُمْ لَا تُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ الظَّالِمِ أَهْلُهَا وَاجْعَلْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ وَلِيًّا وَاجْعَلْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ نَصِيرًا

    Аш хӀунда ца бо тм Делан новкъахь а, божарех а‚ зударех а‚ берех а заьӀап болчу нехан дуьхьа а? Уьш ма буй олуш: 'Тхан Кхиош-кхобург! Арадаха тхо хӀоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гӀолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гӀоьнча ваийтахьа тхуна'

    4:75
  3. الَّذِينَ آمَنُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ الطَّاغُوتِ فَقَاتِلُوا أَوْلِيَاءَ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّ كَيْدَ الشَّيْطَانِ كَانَ ضَعِيفًا

    Ийман диллинчара тӀом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тӀом бо тӀагӀутан (шайтӀанан) новкъахь. ШайтӀанан верасаш хӀаллакбе. Баккъалла а, и шайтӀанан мекарло ледара ма хилла

    4:76

Гочдар: Магомед Магомедов