Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 77 – 87

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ قِيلَ لَهُمْ كُفُّوا أَيْدِيَكُمْ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ فَلَمَّا كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقِتَالُ إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ يَخْشَوْنَ النَّاسَ كَخَشْيَةِ اللَّهِ أَوْ أَشَدَّ خَشْيَةً ۚ وَقَالُوا رَبَّنَا لِمَ كَتَبْتَ عَلَيْنَا الْقِتَالَ لَوْلَا أَخَّرْتَنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ ۗ قُلْ مَتَاعُ الدُّنْيَا قَلِيلٌ وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ لِمَنِ اتَّقَىٰ وَلَا تُظْلَمُونَ فَتِيلًا

    Хьуна ца го и шайга аьлларш: 'Юхадаха шайн куьйгаш (тӀамах: тӀом бар ма деха хӀинца а – цуьнан хан тӀе ца кхаьчна)‚ ламаз хӀоттаде‚ закат ло'‚ шайна тӀом бар тӀедиллича‚ царах цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерарх санна‚ я кхин а чӀогӀа. Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ хӀунда тӀедиллина Ахь тхуна тӀом бар. Цхьа гергара замане тӀаьхьатаьттина хиллехьара Ахь тхо'. Ахь āла: 'Дуьненан хӀума – кӀеззиг хӀума ю. Эхарт ду дика ша /Делах/ кхоьручунна. Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна'

    4:77
  2. أَيْنَمَا تَكُونُوا يُدْرِكْكُمُ الْمَوْتُ وَلَوْ كُنْتُمْ فِي بُرُوجٍ مُشَيَّدَةٍ ۗ وَإِنْ تُصِبْهُمْ حَسَنَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَقُولُوا هَٰذِهِ مِنْ عِنْدِكَ ۚ قُلْ كُلٌّ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ فَمَالِ هَٰؤُلَاءِ الْقَوْمِ لَا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ حَدِيثًا

    Шу миччахьа хилахь а, далар тӀекхуьур ду шух‚ чӀогӀа хӀиттийна бӀаьвнаш чохь шу хилча а. Шайга диканиг деъча, цара олу: 'ХӀара Делера ду'‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: 'ХӀара хьоьгара ду / хй пайхамар, ахьа дуьйцу хманаш бахьанехь/'. Ахь āла: 'Массо а ду Делера'. ХӀун ду-те цу къомана? – Кхета ца туьгу-кх иза хуьлучух

    4:78
  3. مَا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ وَمَا أَصَابَكَ مِنْ سَيِّئَةٍ فَمِنْ نَفْسِكَ ۚ وَأَرْسَلْنَاكَ لِلنَّاسِ رَسُولًا ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا

    Хьуна тӀедеана долу диканиг – Делера ду хьуна /хӀай адам/‚ хьуна тӀедеана долу вониг – хьоьгара ду хьуна /ахь деш долу вониг бахьанехь/. Оха ваийтина хьо /хӀай Мухьаммад/ нахана тӀе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар

    4:79
  4. مَنْ يُطِعِ الرَّسُولَ فَقَدْ أَطَاعَ اللَّهَ ۖ وَمَنْ تَوَلَّىٰ فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا

    Элчанна муьтӀахь хилларг – Далла муьтӀахь хилла‚ юхаваьлларг – хьо ца ваийтина Оха царна тӀехь терго еш верг хилла

    4:80
  5. وَيَقُولُونَ طَاعَةٌ فَإِذَا بَرَزُوا مِنْ عِنْدِكَ بَيَّتَ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ غَيْرَ الَّذِي تَقُولُ ۖ وَاللَّهُ يَكْتُبُ مَا يُبَيِّتُونَ ۖ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    Олу цара: 'МуьтӀахь хир ду'. Хьо волчуьра дӀайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела дяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дӀакъаста царах)‚ Далла тӀетовжа. Делаца кхачо хилла ша тӀетевжаш волчунна

    4:81
  6. أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ ۚ وَلَوْ كَانَ مِنْ عِنْدِ غَيْرِ اللَّهِ لَوَجَدُوا فِيهِ اخْتِلَافًا كَثِيرًا

    Къуръанах ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцчуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш карор ма ярий царна

    4:82
  7. وَإِذَا جَاءَهُمْ أَمْرٌ مِنَ الْأَمْنِ أَوِ الْخَوْفِ أَذَاعُوا بِهِ ۖ وَلَوْ رَدُّوهُ إِلَى الرَّسُولِ وَإِلَىٰ أُولِي الْأَمْرِ مِنْهُمْ لَعَلِمَهُ الَّذِينَ يَسْتَنْبِطُونَهُ مِنْهُمْ ۗ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَاتَّبَعْتُمُ الشَّيْطَانَ إِلَّا قَلِيلًا

    Кхерамцахиларх а‚ я кхерамах а цхьа гӀуллакх шайга деъча – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гӀуллакх карахь долчаьрга а – тӀаккха царах цуьнан буха тӀекхуьучарна хуур дара /бакъдерг/. Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кӀеззиг берш боцурш шайтӀанна тӀехьахӀуьттур ма дара шу

    4:83
  8. فَقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ لَا تُكَلَّفُ إِلَّا نَفْسَكَ ۚ وَحَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ ۖ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَكُفَّ بَأْسَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَاللَّهُ أَشَدُّ بَأْسًا وَأَشَدُّ تَنْكِيلًا

    ТӀом бе /хй Мухьаммад/ Делан новкъахь. Ахь жоп лур дац деккъа хьайх а бен. Муъмин нехан дегнаш айде /тӀамна/‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чӀогӀа ма ву ницкъаца а‚ и чӀогӀа ма ву бекхамца а

    4:84
  9. مَنْ يَشْفَعْ شَفَاعَةً حَسَنَةً يَكُنْ لَهُ نَصِيبٌ مِنْهَا ۖ وَمَنْ يَشْفَعْ شَفَاعَةً سَيِّئَةً يَكُنْ لَهُ كِفْلٌ مِنْهَا ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ مُقِيتًا

    Хазчу гӀиллакхан агӀо лаьцначунна – цунах дāкъа ду‚ вочу гӀиллакхан агӀо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш

    4:85
  10. وَإِذَا حُيِّيتُمْ بِتَحِيَّةٍ فَحَيُّوا بِأَحْسَنَ مِنْهَا أَوْ رُدُّوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَسِيبًا

    Шайга салам делча‚ цул хазчуьнца салам ло аш я юхадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо а хӀуманна терго еш

    4:86
  11. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۗ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ حَدِيثًا

    АллахӀ цӀе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерриге а гулдийр ду шу къематдийнахь‚ цу чохь шеко яц. Мила ву ткъа Делал хабар бакъдуьйцуш?

    4:87

Гочдар: Магомед Магомедов