Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 80 – 81
-
مَنْ يُطِعِ الرَّسُولَ فَقَدْ أَطَاعَ اللَّهَ ۖ وَمَنْ تَوَلَّىٰ فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا
Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ юхаваьлларг – хьо ца ваийтина Оха царна тIехь терго еш верг хилла
4:80 -
وَيَقُولُونَ طَاعَةٌ فَإِذَا بَرَزُوا مِنْ عِنْدِكَ بَيَّتَ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ غَيْرَ الَّذِي تَقُولُ ۖ وَاللَّهُ يَكْتُبُ مَا يُبَيِّتُونَ ۖ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا
Олу цара: 'МуьтIахь хир ду'. Хьо волчуьра дIайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела дяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царах)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна
4:81
Гочдар: Магомед Магомедов