Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 88 – 91
-
فَمَا لَكُمْ فِي الْمُنَافِقِينَ فِئَتَيْنِ وَاللَّهُ أَرْكَسَهُمْ بِمَا كَسَبُوا ۚ أَتُرِيدُونَ أَنْ تَهْدُوا مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ ۖ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا
ХӀунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба? Дала /шу шена тхь долчу бакъдолчух/ дӀаберзина уьш шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилавала витинарг? Дала тилавала витинарг – хьуна карор ма бац цунна некъ /и нисван/
4:88 -
وَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ كَمَا كَفَرُوا فَتَكُونُونَ سَوَاءً ۖ فَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ أَوْلِيَاءَ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ وَجَدْتُمُوهُمْ ۖ وَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Царна дийзира шу ийманах юхадовлар, шаьш юхадовларх терра‚ тӀаккха шу хир дара цхьанийса. Ма леца царах доттагӀий, уьш Делан новкъахь дӀакхалххалц. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь, схьалеца уьш‚ хӀаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царах доттагӀ а‚ гӀоьнча а ма лаца
4:89 -
إِلَّا الَّذِينَ يَصِلُونَ إِلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ أَوْ جَاءُوكُمْ حَصِرَتْ صُدُورُهُمْ أَنْ يُقَاتِلُوكُمْ أَوْ يُقَاتِلُوا قَوْمَهُمْ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَسَلَّطَهُمْ عَلَيْكُمْ فَلَقَاتَلُوكُمْ ۚ فَإِنِ اعْتَزَلُوكُمْ فَلَمْ يُقَاتِلُوكُمْ وَأَلْقَوْا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ فَمَا جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ عَلَيْهِمْ سَبِيلًا
Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тӀебаьхкинарш боцурш; я шуна тӀебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тӀом бан грташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тӀехӀиттор бара уьш – цара шуьца тӀом бийр бара. Уьш шух дӀакъастахь – цара шуьца тӀом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тӀехь некъ (цаьрца тм бан бакъо яц шун)
4:90 -
سَتَجِدُونَ آخَرِينَ يُرِيدُونَ أَنْ يَأْمَنُوكُمْ وَيَأْمَنُوا قَوْمَهُمْ كُلَّ مَا رُدُّوا إِلَى الْفِتْنَةِ أُرْكِسُوا فِيهَا ۚ فَإِنْ لَمْ يَعْتَزِلُوكُمْ وَيُلْقُوا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ وَيَكُفُّوا أَيْدِيَهُمْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ ۚ وَأُولَٰئِكُمْ جَعَلْنَا لَكُمْ عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا مُبِينًا
Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питане ма-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дӀа ца берзахь (шуьца тм ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тӀекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хӀаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тӀехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тӀом бан мега шуна)
4:91
Гочдар: Магомед Магомедов