Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 97 – 100

  1. إِنَّ الَّذِينَ تَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنْفُسِهِمْ قَالُوا فِيمَ كُنْتُمْ ۖ قَالُوا كُنَّا مُسْتَضْعَفِينَ فِي الْأَرْضِ ۚ قَالُوا أَلَمْ تَكُنْ أَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةً فَتُهَاجِرُوا فِيهَا ۚ فَأُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا

    Баккъалла а, шайна зуламаш дина, маликаша дӀаэцна болчаьрга эр ма ду: 'Шу мичахь хиллера?' Цара эр ду: 'Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тӀехь ницкъ беш'. Эр ду: 'Ткъа Делан латта шортта дацара шу кхечухьа дӀакхалха?' Уьш ма бу шайн чугӀойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ кхоллам!

    4:97
  2. إِلَّا الْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ لَا يَسْتَطِيعُونَ حِيلَةً وَلَا يَهْتَدُونَ سَبِيلًا

    Божарех а‚ зударех а‚ берех а шайна ницкъ хилла /дӀабаха/, таро ца хилларш а‚ кӀелхьарбовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала)

    4:98
  3. فَأُولَٰئِكَ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَعْفُوَ عَنْهُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَفُوًّا غَفُورًا

    Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш верг а

    4:99
  4. وَمَنْ يُهَاجِرْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يَجِدْ فِي الْأَرْضِ مُرَاغَمًا كَثِيرًا وَسَعَةً ۚ وَمَنْ يَخْرُجْ مِنْ بَيْتِهِ مُهَاجِرًا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ يُدْرِكْهُ الْمَوْتُ فَقَدْ وَقَعَ أَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Делан дуьхьа дӀакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тӀетовжийлаш а‚ шорто а. Далла а‚ элчанна а дуьхьалвоьдуш шен цӀера араваьлча, цунах валар хилча (и новкъахь велча) – цуьнан ял Далла тӀейоьжна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а хилла

    4:100

Гочдар: Магомед Магомедов