Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 1 – 23

  1. وَالذَّارِيَاتِ ذَرْوًا

    Даржош долчех /дуй боу Ас/ даржорах тера

    51:1
  2. فَالْحَامِلَاتِ وِقْرًا

    Мохь дсалелош долчарах /дуй боу Ас/

    51:2
  3. فَالْجَارِيَاتِ يُسْرًا

    Лелаш долчарах атта /дуй боу Ас/

    51:3
  4. فَالْمُقَسِّمَاتِ أَمْرًا

    ГӀуллакх доькъуш долчарах а /дуй боу Ас/ :

    51:4
  5. إِنَّمَا تُوعَدُونَ لَصَادِقٌ

    Шуна еш йолу ваӀда бакъерг ма ю

    51:5
  6. وَإِنَّ الدِّينَ لَوَاقِعٌ

    Бекхам дхӀуттур болуш ма бу

    51:6
  7. وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الْحُبُكِ

    Стиглах /дуй боу Ас/, шена /седарчий дӀасалела/ некъаш долчу

    51:7
  8. إِنَّكُمْ لَفِي قَوْلٍ مُخْتَلِفٍ

    Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехь ма ду

    51:8
  9. يُؤْفَكُ عَنْهُ مَنْ أُفِكَ

    Ӏехо цунах ша Ӏехвелларг /шайтӀано Ӏехийнарг/

    51:9
  10. قُتِلَ الْخَرَّاصُونَ

    Байина /неӀалт аьлла/ харцлуьйш берш

    51:10
  11. الَّذِينَ هُمْ فِي غَمْرَةٍ سَاهُونَ

    Шаьш жехӀаллина чохь гӀовпал хилларш

    51:11
  12. يَسْأَلُونَ أَيَّانَ يَوْمُ الدِّينِ

    Цара хоьтту: 'Маца хир ду бекхаман де?'

    51:12
  13. يَوْمَ هُمْ عَلَى النَّارِ يُفْتَنُونَ

    Оцу дийнахь уьш цӀарна тӀехь питане луьйцур ма бу. /Жоьжахате лохкур ма бу/

    51:13
  14. ذُوقُوا فِتْنَتَكُمْ هَٰذَا الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تَسْتَعْجِلُونَ

    'Ӏовша шайн питана /олуш/. ХӀара ду и ша аш сихдеш хилларг'. (Жоьжахатин Ӏазап)

    51:14
  15. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу

    51:15
  16. آخِذِينَ مَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَٰلِكَ مُحْسِنِينَ

    Оьцуш шаьш Кхиош-кхобучо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш

    51:16
  17. كَانُوا قَلِيلًا مِنَ اللَّيْلِ مَا يَهْجَعُونَ

    Уьш хилира кӀеззиг бен доцуш буса шаьш наб яр

    51:17
  18. وَبِالْأَسْحَارِ هُمْ يَسْتَغْفِرُونَ

    ТӀаьххьа буса шайна /Деле/ гечдар доьхуш

    51:18
  19. وَفِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ لِلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ

    Шайн даьхнина (хьола) чохь хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицкъах/ хадийна волчунна а

    51:19
  20. وَفِي الْأَرْضِ آيَاتٌ لِلْمُوقِنِينَ

    Лаьттахь а делилш ма ду /чг Делах/ тешачарна

    51:20
  21. وَفِي أَنْفُسِكُمْ ۚ أَفَلَا تُبْصِرُونَ

    Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?

    51:21
  22. وَفِي السَّمَاءِ رِزْقُكُمْ وَمَا تُوعَدُونَ

    Стиглахь ду шун рицкъ а (догӀа‚ шеца дерриг хӀума кхуьу), шуна хир ду аьлларг а. (Аш йинчу Ӏамалашна дуьхьал бекхам)

    51:22
  23. فَوَرَبِّ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِنَّهُ لَحَقٌّ مِثْلَ مَا أَنَّكُمْ تَنْطِقُونَ

    Стигал а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Ас/ иза бакъ ма ду, шу хабар дуьйцуш хилар санна

    51:23

Гочдар: Магомед Магомедов