Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 24 – 28
-
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ الْمُكْرَمِينَ
Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахӀиман сийлахь хьешех лаьцна?
51:24 -
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ
Ойла е! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: 'Салам!' Цо элира: 'Салам', /шега элира цо/: 'Ца бевза нах /бу-кх/'
51:25 -
فَرَاغَ إِلَىٰ أَهْلِهِ فَجَاءَ بِعِجْلٍ سَمِينٍ
Иза (ИбрахӀим) вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/
51:26 -
فَقَرَّبَهُ إِلَيْهِمْ قَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ
Цо иза (эса дина‚ цуьнан кхарзийна я кхахкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: 'Аш ца доу?'
51:27 -
فَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ وَبَشَّرُوهُ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ
Иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера!' Цара цунна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кӀант /Исхьакъ/ хир ву аьлла
51:28
Гочдар: Магомед Магомедов