Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 24 – 31

  1. هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ الْمُكْرَمِينَ

    Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахӀиман сийлахь хьешех лаьцна?

    51:24
  2. إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ

    Ойла е! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: 'Салам!' Цо элира: 'Салам', /шега элира цо/: 'Ца бевза нах /бу-кх/'

    51:25
  3. فَرَاغَ إِلَىٰ أَهْلِهِ فَجَاءَ بِعِجْلٍ سَمِينٍ

    Иза (ИбрахӀим) вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/

    51:26
  4. فَقَرَّبَهُ إِلَيْهِمْ قَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ

    Цо иза (эса дина‚ цуьнан кхарзийна я кхахкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: 'Аш ца доу?'

    51:27
  5. فَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ وَبَشَّرُوهُ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ

    Иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера!' Цара цунна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кӀант /Исхьакъ/ хир ву аьлла

    51:28
  6. فَأَقْبَلَتِ امْرَأَتُهُ فِي صَرَّةٍ فَصَكَّتْ وَجْهَهَا وَقَالَتْ عَجُوزٌ عَقِيمٌ

    Дуьхьалйеара цуьнан зуда, чӀогӀа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тӀара деттара‚ ōлура: 'Бер ца хуьлу къена зуда юй ша-м!'

    51:29
  7. قَالُوا كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ

    Цара элира: 'Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобучо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву'

    51:30
  8. قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ

    Цо (ИбрахӀима) элира: 'Шун хӀун гӀуллакх ду‚ хӀай даийтинарш?'

    51:31

Гочдар: Магомед Магомедов