Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 24 – 46
-
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ الْمُكْرَمِينَ
Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахӀиман сийлахь хьешех лаьцна?
51:24 -
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ
Ойла е! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: 'Салам!' Цо элира: 'Салам', /шега элира цо/: 'Ца бевза нах /бу-кх/'
51:25 -
فَرَاغَ إِلَىٰ أَهْلِهِ فَجَاءَ بِعِجْلٍ سَمِينٍ
Иза (ИбрахӀим) вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/
51:26 -
فَقَرَّبَهُ إِلَيْهِمْ قَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ
Цо иза (эса дина‚ цуьнан кхарзийна я кхахкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: 'Аш ца доу?'
51:27 -
فَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ وَبَشَّرُوهُ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ
Иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера!' Цара цунна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кӀант /Исхьакъ/ хир ву аьлла
51:28 -
فَأَقْبَلَتِ امْرَأَتُهُ فِي صَرَّةٍ فَصَكَّتْ وَجْهَهَا وَقَالَتْ عَجُوزٌ عَقِيمٌ
Дуьхьалйеара цуьнан зуда, чӀогӀа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тӀара деттара‚ ōлура: 'Бер ца хуьлу къена зуда юй ша-м!'
51:29 -
قَالُوا كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ
Цара элира: 'Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобучо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву'
51:30 -
قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ
Цо (ИбрахӀима) элира: 'Шун хӀун гӀуллакх ду‚ хӀай даийтинарш?'
51:31 -
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُجْرِمِينَ
Цара элира: 'Тхо даийтина къинош дечу къомана тӀе
51:32 -
لِنُرْسِلَ عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِنْ طِينٍ
Царна даийта топпаран тӀулгаш
51:33 -
مُسَوَّمَةً عِنْدَ رَبِّكَ لِلْمُسْرِفِينَ
Хьо Кхиош-кхобуш волчунна (Далла) гергахь тӀаламза болчарна билгалдина хилла долу'
51:34 -
فَأَخْرَجْنَا مَنْ كَانَ فِيهَا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Оха арабаьхира цу чохь хилла болу муъмин нах
51:35 -
فَمَا وَجَدْنَا فِيهَا غَيْرَ بَيْتٍ مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтӀахь болчарах цхьа цӀа бен
51:36 -
وَتَرَكْنَا فِيهَا آيَةً لِلَّذِينَ يَخَافُونَ الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Ӏазапах кхоьруш болчарна
51:37 -
وَفِي مُوسَىٰ إِذْ أَرْسَلْنَاهُ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ
Мусагахь а /делил дитира Оха/, Оха вахийтича иза ФирӀавна тӀе билгалчу бакъонца
51:38 -
فَتَوَلَّىٰ بِرُكْنِهِ وَقَالَ سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ
Иза (ФирӀавн) юхарвелира шен бӀоца /Мусан дин тӀе ца лоцуш/‚ элира: 'Бозбуунча ву‚ я жинех ву'
51:39 -
فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ وَهُوَ مُلِيمٌ
Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хӀорда чу‚ иза (ФирӀавн) шен бехк баккха хьакъ долуш ву /ша элчане ийман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/
51:40 -
وَفِي عَادٍ إِذْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الرِّيحَ الْعَقِيمَ
Ӏадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тӀаьхье хадош болу мох. (Шеца догӀа доцу, беркат доцу мох)
51:41 -
مَا تَذَرُ مِنْ شَيْءٍ أَتَتْ عَلَيْهِ إِلَّا جَعَلَتْهُ كَالرَّمِيمِ
Ца юьтуш ша тӀе кхаьчна йолу хӀума яхка елла хӀума йой бен
51:42 -
وَفِي ثَمُودَ إِذْ قِيلَ لَهُمْ تَمَتَّعُوا حَتَّىٰ حِينٍ
Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: '/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш хллакдаран/ хан тӀекхаччалц'
51:43 -
فَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ وَهُمْ يَنْظُرُونَ
Шаьш Кхиош-кхобучун гӀуллакхах дӀабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо, шаьш хьоьжуш лаьтташ
51:44 -
فَمَا اسْتَطَاعُوا مِنْ قِيَامٍ وَمَا كَانُوا مُنْتَصِرِينَ
Царна ца мегира гӀовта а‚ шайна гӀо деш а ца хилира уьш
51:45 -
وَقَوْمَ نُوحٍ مِنْ قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам
51:46
Гочдар: Магомед Магомедов