Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 31 – 34
-
قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ
Цо (ИбрахӀима) элира: 'Шун хӀун гӀуллакх ду‚ хӀай даийтинарш?'
51:31 -
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُجْرِمِينَ
Цара элира: 'Тхо даийтина къинош дечу къомана тӀе
51:32 -
لِنُرْسِلَ عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِنْ طِينٍ
Царна даийта топпаран тӀулгаш
51:33 -
مُسَوَّمَةً عِنْدَ رَبِّكَ لِلْمُسْرِفِينَ
Хьо Кхиош-кхобуш волчунна (Далла) гергахь тӀаламза болчарна билгалдина хилла долу'
51:34
Гочдар: Магомед Магомедов