Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 32 – 36
-
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُجْرِمِينَ
Цара элира: 'Тхо даийтина къинош дечу къомана тӀе
51:32 -
لِنُرْسِلَ عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِنْ طِينٍ
Царна даийта топпаран тӀулгаш
51:33 -
مُسَوَّمَةً عِنْدَ رَبِّكَ لِلْمُسْرِفِينَ
Хьо Кхиош-кхобуш волчунна (Далла) гергахь тӀаламза болчарна билгалдина хилла долу'
51:34 -
فَأَخْرَجْنَا مَنْ كَانَ فِيهَا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Оха арабаьхира цу чохь хилла болу муъмин нах
51:35 -
فَمَا وَجَدْنَا فِيهَا غَيْرَ بَيْتٍ مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтӀахь болчарах цхьа цӀа бен
51:36
Гочдар: Магомед Магомедов