Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 37 – 40

  1. وَتَرَكْنَا فِيهَا آيَةً لِلَّذِينَ يَخَافُونَ الْعَذَابَ الْأَلِيمَ

    Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчарна

    51:37
  2. وَفِي مُوسَىٰ إِذْ أَرْسَلْنَاهُ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Мусагахь а /делил дитира Оха/, Оха вахийтича иза ФирIавна тIе билгалчу бакъонца

    51:38
  3. فَتَوَلَّىٰ بِرُكْنِهِ وَقَالَ سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ

    Иза (ФирIавн) юхарвелира шен бIоца /Мусан дин тIе ца лоцуш/‚ элира: 'Бозбуунча ву‚ я жинех ву'

    51:39
  4. فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ وَهُوَ مُلِيمٌ

    Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIорда чу‚ иза (ФирIавн) шен бехк баккха хьакъ долуш ву /ша элчане ийман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/

    51:40

Гочдар: Магомед Магомедов