Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 41 – 46

  1. وَفِي عَادٍ إِذْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الرِّيحَ الْعَقِيمَ

    Ӏадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тӀаьхье хадош болу мох. (Шеца догӀа доцу, беркат доцу мох)

    51:41
  2. مَا تَذَرُ مِنْ شَيْءٍ أَتَتْ عَلَيْهِ إِلَّا جَعَلَتْهُ كَالرَّمِيمِ

    Ца юьтуш ша тӀе кхаьчна йолу хӀума яхка елла хӀума йой бен

    51:42
  3. وَفِي ثَمُودَ إِذْ قِيلَ لَهُمْ تَمَتَّعُوا حَتَّىٰ حِينٍ

    Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: '/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш хллакдаран/ хан тӀекхаччалц'

    51:43
  4. فَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ وَهُمْ يَنْظُرُونَ

    Шаьш Кхиош-кхобучун гӀуллакхах дӀабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо, шаьш хьоьжуш лаьтташ

    51:44
  5. فَمَا اسْتَطَاعُوا مِنْ قِيَامٍ وَمَا كَانُوا مُنْتَصِرِينَ

    Царна ца мегира гӀовта а‚ шайна гӀо деш а ца хилира уьш

    51:45
  6. وَقَوْمَ نُوحٍ مِنْ قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам

    51:46

Гочдар: Магомед Магомедов