Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш), аят 47 – 60
-
وَالسَّمَاءَ بَنَيْنَاهَا بِأَيْدٍ وَإِنَّا لَمُوسِعُونَ
Стигал Оха юьгӀийра куьйгашца (ницкъаца). Баккъалла а, Тхо ницкъ кхочуш ду
51:47 -
وَالْأَرْضَ فَرَشْنَاهَا فَنِعْمَ الْمَاهِدُونَ
Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду
51:48 -
وَمِنْ كُلِّ شَيْءٍ خَلَقْنَا زَوْجَيْنِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
Массо а хӀуманах Оха кхоьллира шиш‚ аш ойла ер яцара-те
51:49 -
فَفِرُّوا إِلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ مُبِينٌ
/Элира Нухьас/: 'Ддовда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву
51:50 -
وَلَا تَجْعَلُوا مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۖ إِنِّي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ма хилийта Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву'
51:51 -
كَذَٰلِكَ مَا أَتَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا قَالُوا سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ
Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: 'Бозбуунча ву, я жинех ву'
51:52 -
أَتَوَاصَوْا بِهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ
Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХӀаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх
51:53 -
فَتَوَلَّ عَنْهُمْ فَمَا أَنْتَ بِمَلُومٍ
Юхавала царах (дтаса уьш)‚ хьуна бехк буьллур бац
51:54 -
وَذَكِّرْ فَإِنَّ الذِّكْرَىٰ تَنْفَعُ الْمُؤْمِنِينَ
Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъмин нахана
51:55 -
وَمَا خَلَقْتُ الْجِنَّ وَالْإِنْسَ إِلَّا لِيَعْبُدُونِ
Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Ӏибадат дан бен
51:56 -
مَا أُرِيدُ مِنْهُمْ مِنْ رِزْقٍ وَمَا أُرِيدُ أَنْ يُطْعِمُونِ
Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар
51:57 -
إِنَّ اللَّهَ هُوَ الرَّزَّاقُ ذُو الْقُوَّةِ الْمَتِينُ
Баккъалла а, Дела ву тӀеттӀа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чӀогӀа верг а
51:58 -
فَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذَنُوبًا مِثْلَ ذَنُوبِ أَصْحَابِهِمْ فَلَا يَسْتَعْجِلُونِ
Баккъалла а, зулам диначарна /Ӏазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Ӏазап доссон/
51:59 -
فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ يَوْمِهِمُ الَّذِي يُوعَدُونَ
Бāла бу цатешначарна шайна ваӀда йина йолчу шайн дийнера
51:60
Гочдар: Магомед Магомедов